Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 21 – 29

  1. يَا أَيُّهَا النَّاسُ اعْبُدُوا رَبَّكُمُ الَّذِي خَلَقَكُمْ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ

    ХӀай нах! Шаьш а, шайл хьалхарнаш а кхоьллинчу шаьш Кхиош-кхобучунна Ӏибадат де‚ шу хила тарло-кх /Делах/ кхоьруш

    2:21
  2. الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ فِرَاشًا وَالسَّمَاءَ بِنَاءً وَأَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجَ بِهِ مِنَ الثَّمَرَاتِ رِزْقًا لَكُمْ ۖ فَلَا تَجْعَلُوا لِلَّهِ أَنْدَادًا وَأَنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    И ву шуна латтанах мотт бина‚ стигланах тхов бина‚ стиглара хи а даийтина‚ цуьнца стоьмаш а кхиина шуна рицкъана. Тккха ма нисве Делаца цхьа а‚ шайна хуъушехь

    2:22
  3. وَإِنْ كُنْتُمْ فِي رَيْبٍ مِمَّا نَزَّلْنَا عَلَىٰ عَبْدِنَا فَأْتُوا بِسُورَةٍ مِنْ مِثْلِهِ وَادْعُوا شُهَدَاءَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Нагахь шу шеконехь делахь, Оха Тхан лега /Мухьаммад пайхамаре/ доссош хиллачух, тккха схьадаладе цунах тера цхьа сурат‚ схьакхайкха шайн тешаш (гьнчий)‚ Дела воцург‚ шаьш бакълуьйш делахь

    2:23
  4. فَإِنْ لَمْ تَفْعَلُوا وَلَنْ تَفْعَلُوا فَاتَّقُوا النَّارَ الَّتِي وَقُودُهَا النَّاسُ وَالْحِجَارَةُ ۖ أُعِدَّتْ لِلْكَافِرِينَ

    Нагахь шуьга и ца далахь – ткъа и шуьга цкъа а далур дац - кхерийша цӀарах‚ шен ягориг адамаш а‚ тӀулгаш а долчу. Иза кечйина цатешачарна

    2:24
  5. وَبَشِّرِ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أَنَّ لَهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ كُلَّمَا رُزِقُوا مِنْهَا مِنْ ثَمَرَةٍ رِزْقًا ۙ قَالُوا هَٰذَا الَّذِي رُزِقْنَا مِنْ قَبْلُ ۖ وَأُتُوا بِهِ مُتَشَابِهًا ۖ وَلَهُمْ فِيهَا أَزْوَاجٌ مُطَهَّرَةٌ ۖ وَهُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Ахь /хӀай Мухьаммад/ кхаъ баккха ийман диллинчарга а, дика Ӏамалш йиначаьрга а шайна /ялсаманин/ бошмаш хирг хиларца‚ бухахула оьхуш хиш а долуш. Хразза шайна цу чуьра стоьмех рицкъ мел дели‚ цара эр ду: 'ХӀарра дара хьалха а вайна луш хилларг' – царна хьалха а деллера цунах тераниг /делахь а хра кхин дара чамаца а, хьожаца а, куц тера хиллехь а/. Царна цу чохь цӀена зударий а хир бу‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар бу

    2:25
  6. إِنَّ اللَّهَ لَا يَسْتَحْيِي أَنْ يَضْرِبَ مَثَلًا مَا بَعُوضَةً فَمَا فَوْقَهَا ۚ فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا فَيَعْلَمُونَ أَنَّهُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّهِمْ ۖ وَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا فَيَقُولُونَ مَاذَا أَرَادَ اللَّهُ بِهَٰذَا مَثَلًا ۘ يُضِلُّ بِهِ كَثِيرًا وَيَهْدِي بِهِ كَثِيرًا ۚ وَمَا يُضِلُّ بِهِ إِلَّا الْفَاسِقِينَ

    Баккъалла а, Дела ийза ца ло масал даладан: чуьрккал хӀуманах а‚ цул лакхарчех а (тоьлуш долчех я цул оьшуш долчех а). Ийман диллинчарна хаьа и шайн Делера бакъдерг дуйла‚ ткъа цатешачара олу: 'ХӀун лиъна-те Далла цу масалца?' Цо тилабо цуьнца дуккха а берш‚ Цо нисбо цуьнца дуккха а берш. Цуьнца тила-м ца бо Цо песакх берш бен

    2:26
  7. الَّذِينَ يَنْقُضُونَ عَهْدَ اللَّهِ مِنْ بَعْدِ مِيثَاقِهِ وَيَقْطَعُونَ مَا أَمَرَ اللَّهُ بِهِ أَنْ يُوصَلَ وَيُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ

    Уьш ма бу йохош Делаца хилла ваӀда барт хиллачул тӀаьхьа‚ цара хедадо Дала хотта аьлла омра динарг‚ леладо лаьтта тӀехь боьханиг‚ – уьш ма бу эшнарш

    2:27
  8. كَيْفَ تَكْفُرُونَ بِاللَّهِ وَكُنْتُمْ أَمْوَاتًا فَأَحْيَاكُمْ ۖ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Шу муха ца теша Делах? Шу делла ма дара. ТӀаккха Цо шу ден ма дира. Юха Цо долуьйтур ду шу‚ юха а дендийр ду‚ тӀаккха Цунна тӀе дӀадерзор ду шу

    2:28
  9. هُوَ الَّذِي خَلَقَ لَكُمْ مَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا ثُمَّ اسْتَوَىٰ إِلَى السَّمَاءِ فَسَوَّاهُنَّ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ ۚ وَهُوَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    Иза ву лаьтта тӀехь мел дерг шуна кхоьллинарг‚ тӀаккха тӀевирзира И стигланна – Цо дӀанисйира и ворхӀ стигалца‚ – И массо а хӀуманах дерг Шена хууш верг ма ву

    2:29

Гочдар: Магомед Магомедов