Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 211 – 216
-
سَلْ بَنِي إِسْرَائِيلَ كَمْ آتَيْنَاهُمْ مِنْ آيَةٍ بَيِّنَةٍ ۗ وَمَنْ يُبَدِّلْ نِعْمَةَ اللَّهِ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْهُ فَإِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
Ахь хатта Исраилан кӀенташка, мел дахкийтина Оха цаьрга билгала долу делилаш. Делан ниӀмат хуьйцучунна‚ шега и деъначул тӀаьхьа – и Дела ма ву таӀзар дарехь чӀогӀа верг
2:211 -
زُيِّنَ لِلَّذِينَ كَفَرُوا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا وَيَسْخَرُونَ مِنَ الَّذِينَ آمَنُوا ۘ وَالَّذِينَ اتَّقَوْا فَوْقَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ وَاللَّهُ يَرْزُقُ مَنْ يَشَاءُ بِغَيْرِ حِسَابٍ
Цатешачарна хаздина дуьненан дахар‚ уьш боьлуш бу тешачарех. Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш царна тӀехь хир бу къематдийнахь. Дала рицкъ ма ло Шена луучунна хьесап а доцуш
2:212 -
كَانَ النَّاسُ أُمَّةً وَاحِدَةً فَبَعَثَ اللَّهُ النَّبِيِّينَ مُبَشِّرِينَ وَمُنْذِرِينَ وَأَنْزَلَ مَعَهُمُ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ لِيَحْكُمَ بَيْنَ النَّاسِ فِيمَا اخْتَلَفُوا فِيهِ ۚ وَمَا اخْتَلَفَ فِيهِ إِلَّا الَّذِينَ أُوتُوهُ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْهُمُ الْبَيِّنَاتُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ ۖ فَهَدَى اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا لِمَا اخْتَلَفُوا فِيهِ مِنَ الْحَقِّ بِإِذْنِهِ ۗ وَاللَّهُ يَهْدِي مَنْ يَشَاءُ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Нах хилла цхьана умматехь‚ тӀаккха /уьш тиларчу бахча/ Дала бахкийтира, шаьш кхаъ боккхуш хилла болу‚ кхерам тосуш хилла болу пайхамарш‚ цаьрца доссийра бакъдолчуьнца жайна‚ цаьрга нахана юккъехь хьукам дайта церан хилпало хиллачохь. Цу чохь хилпало-м ца хили и /Делан жайна/ шайга деллачеран бен‚ шайга билгалонаш кхаьчначул тӀаьхьа вовшашна юккъехь хьагӀ хиларна. Дала Шен пурбанца нисбира ийман диллинарш (жайнан оха) берш шеца хилпалонехь хиллачу бакъдолчунна тӀе. И Дела ма ву нисвеш Шена луург нийсачу новкъа
2:213 -
أَمْ حَسِبْتُمْ أَنْ تَدْخُلُوا الْجَنَّةَ وَلَمَّا يَأْتِكُمْ مَثَلُ الَّذِينَ خَلَوْا مِنْ قَبْلِكُمْ ۖ مَسَّتْهُمُ الْبَأْسَاءُ وَالضَّرَّاءُ وَزُلْزِلُوا حَتَّىٰ يَقُولَ الرَّسُولُ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ مَتَىٰ نَصْرُ اللَّهِ ۗ أَلَا إِنَّ نَصْرَ اللَّهِ قَرِيبٌ
Шуна моьтту шаьш ялсамане гӀур ду /хӀай бусалбанаш/ шул хьалха баханчарна (бусалбанашна) тӀедеънарг шайна т а ца догш? Лецна хилла уьш баланаша а‚ цамгарша а‚ дегнаш Ӏийжира церан‚ элчано а‚ цуьнца цхьана ийман диллинчара а олуш: 'Маца хир ду Делера гӀо?' – Хъ! Баккъалла а, Делера гӀо герга ма ду!
2:214 -
يَسْأَلُونَكَ مَاذَا يُنْفِقُونَ ۖ قُلْ مَا أَنْفَقْتُمْ مِنْ خَيْرٍ فَلِلْوَالِدَيْنِ وَالْأَقْرَبِينَ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَابْنِ السَّبِيلِ ۗ وَمَا تَفْعَلُوا مِنْ خَيْرٍ فَإِنَّ اللَّهَ بِهِ عَلِيمٌ
Цара хьоьга хоьтту: 'ХӀун лур ю сагӀина?' Ахь āла: 'Аш сагӀина доккхуш долу дика хма - /даккха/ дена-нанна а‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъахочунна а. Аш деш долу дика Дела хууш ву'
2:215 -
كُتِبَ عَلَيْكُمُ الْقِتَالُ وَهُوَ كُرْهٌ لَكُمْ ۖ وَعَسَىٰ أَنْ تَكْرَهُوا شَيْئًا وَهُوَ خَيْرٌ لَكُمْ ۖ وَعَسَىٰ أَنْ تُحِبُّوا شَيْئًا وَهُوَ شَرٌّ لَكُمْ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
Шуна тӀедиллина тӀом бар. Иза шуна ца деза хӀума ду. Шуна ца деза тарло цхьа хӀума, и шуна дика а долуш. Шуна деза тарло цхьа хӀума, и шуна вон а долуш. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац
2:216
Гочдар: Магомед Магомедов