Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 222 – 228

  1. وَيَسْأَلُونَكَ عَنِ الْمَحِيضِ ۖ قُلْ هُوَ أَذًى فَاعْتَزِلُوا النِّسَاءَ فِي الْمَحِيضِ ۖ وَلَا تَقْرَبُوهُنَّ حَتَّىٰ يَطْهُرْنَ ۖ فَإِذَا تَطَهَّرْنَ فَأْتُوهُنَّ مِنْ حَيْثُ أَمَرَكُمُ اللَّهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ التَّوَّابِينَ وَيُحِبُّ الْمُتَطَهِّرِينَ

    Хьоьга хоьтту цара зударийн цӀано йохарх‚ ахь āла: 'Иза бāла хьегар ду'. ЦӀано йоьхначу хенахь зударех дӀакъаста‚ царна герга ма гӀо, уьш цӀанбаллалц. Уьш цӀанбелча‚ гӀуо царна улло‚ Дала шайна ма хьеххара. Баккъалла а, цу Далла ма беза тōба динарш‚ Цунна ма беза цӀена берш

    2:222
  2. نِسَاؤُكُمْ حَرْثٌ لَكُمْ فَأْتُوا حَرْثَكُمْ أَنَّىٰ شِئْتُمْ ۖ وَقَدِّمُوا لِأَنْفُسِكُمْ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّكُمْ مُلَاقُوهُ ۗ وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ

    Шун зударий – шун /оханан/ аре санна бу /шуна/. Шайн /оханан/ аренга г шайна ма луьу. /Диканиг/ хьалха даккха шайна. Делах кхера‚ шуна хаа‚ шу Цунна дуьхьалкхетарг хилар. Ахь кхаъ баккха ийман диллинчарна

    2:223
  3. وَلَا تَجْعَلُوا اللَّهَ عُرْضَةً لِأَيْمَانِكُمْ أَنْ تَبَرُّوا وَتَتَّقُوا وَتُصْلِحُوا بَيْنَ النَّاسِ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    И Дела шайн дуйнийн Ӏалашо ма хилийта диканиг ца дан а‚ /Делах/ ца кхера а /вониг деш/‚ нахана юккъехь маслахьат ца дан а. И Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву

    2:224
  4. لَا يُؤَاخِذُكُمُ اللَّهُ بِاللَّغْوِ فِي أَيْمَانِكُمْ وَلَٰكِنْ يُؤَاخِذُكُمْ بِمَا كَسَبَتْ قُلُوبُكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ حَلِيمٌ

    Дала бехке ца лоцу шу даьсса дуйнех‚ шун дагахь доцуш и хиллехь‚ амма Цо бехке лоцу шу шун дегнаша динчунна. И Дела гечдеш а‚ собаре а ма ву /Шен лешна къинош ма диннехь зап ца деш, царна тōба дан (дохко довла) хан луш/

    2:225
  5. لِلَّذِينَ يُؤْلُونَ مِنْ نِسَائِهِمْ تَرَبُّصُ أَرْبَعَةِ أَشْهُرٍ ۖ فَإِنْ فَاءُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Шайн зударшна герга гӀур дац аьлла дуй биинчарна тӀехь ду беа баттахь ларвалар. ТӀаккха уьш дохкобовлахь – и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    2:226
  6. وَإِنْ عَزَمُوا الطَّلَاقَ فَإِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Нагахь санна зударий бита сацам церан хилахь – и Дела хезаш а‚ хууш а ву

    2:227
  7. وَالْمُطَلَّقَاتُ يَتَرَبَّصْنَ بِأَنْفُسِهِنَّ ثَلَاثَةَ قُرُوءٍ ۚ وَلَا يَحِلُّ لَهُنَّ أَنْ يَكْتُمْنَ مَا خَلَقَ اللَّهُ فِي أَرْحَامِهِنَّ إِنْ كُنَّ يُؤْمِنَّ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۚ وَبُعُولَتُهُنَّ أَحَقُّ بِرَدِّهِنَّ فِي ذَٰلِكَ إِنْ أَرَادُوا إِصْلَاحًا ۚ وَلَهُنَّ مِثْلُ الَّذِي عَلَيْهِنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۚ وَلِلرِّجَالِ عَلَيْهِنَّ دَرَجَةٌ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Битина болу зударий хьовсур бу кхузза «къиръ» чекхъяларе. Мегаш дац царна шайн кийрахь Дала кхоьллинарг хьулдан‚ шаьш Делах а, тӀаьххьарчу дийнах а тешаш белахь. Церан маройн бакъо ю уьш юхаберзо цу чохь, уьш лууш белахь маслахьат дан‚ церан (зударийн) бакъонех терра декхарш а ду диканца юкъаметтиг лелаярца.. Марой даржехь царал лакхара бу. И Дела ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву

    2:228

Гочдар: Магомед Магомедов