Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 224 – 227

  1. وَلَا تَجْعَلُوا اللَّهَ عُرْضَةً لِأَيْمَانِكُمْ أَنْ تَبَرُّوا وَتَتَّقُوا وَتُصْلِحُوا بَيْنَ النَّاسِ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    И Дела шайн дуйнийн Ӏалашо ма хилийта диканиг ца дан а‚ /Делах/ ца кхера а /вониг деш/‚ нахана юккъехь маслахьат ца дан а. И Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву

    2:224
  2. لَا يُؤَاخِذُكُمُ اللَّهُ بِاللَّغْوِ فِي أَيْمَانِكُمْ وَلَٰكِنْ يُؤَاخِذُكُمْ بِمَا كَسَبَتْ قُلُوبُكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ حَلِيمٌ

    Дала бехке ца лоцу шу даьсса дуйнех‚ шун дагахь доцуш и хиллехь‚ амма Цо бехке лоцу шу шун дегнаша динчунна. И Дела гечдеш а‚ собаре а ма ву /Шен лешна къинош ма диннехь зап ца деш, царна тōба дан (дохко довла) хан луш/

    2:225
  3. لِلَّذِينَ يُؤْلُونَ مِنْ نِسَائِهِمْ تَرَبُّصُ أَرْبَعَةِ أَشْهُرٍ ۖ فَإِنْ فَاءُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Шайн зударшна герга гӀур дац аьлла дуй биинчарна тӀехь ду беа баттахь ларвалар. ТӀаккха уьш дохкобовлахь – и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    2:226
  4. وَإِنْ عَزَمُوا الطَّلَاقَ فَإِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Нагахь санна зударий бита сацам церан хилахь – и Дела хезаш а‚ хууш а ву

    2:227

Гочдар: Магомед Магомедов