Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 229 – 231

  1. الطَّلَاقُ مَرَّتَانِ ۖ فَإِمْسَاكٌ بِمَعْرُوفٍ أَوْ تَسْرِيحٌ بِإِحْسَانٍ ۗ وَلَا يَحِلُّ لَكُمْ أَنْ تَأْخُذُوا مِمَّا آتَيْتُمُوهُنَّ شَيْئًا إِلَّا أَنْ يَخَافَا أَلَّا يُقِيمَا حُدُودَ اللَّهِ ۖ فَإِنْ خِفْتُمْ أَلَّا يُقِيمَا حُدُودَ اللَّهِ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا فِيمَا افْتَدَتْ بِهِ ۗ تِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ فَلَا تَعْتَدُوهَا ۚ وَمَنْ يَتَعَدَّ حُدُودَ اللَّهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ

    Къастар шозза ду‚ цул тӀаьхьа – нийсонца юхаерзор ю /зуда/‚ я диканца дӀайохуьйтур ю. Шуна хьанал дац аш дӀаделлачух хӀумма юхаэца. Мегар ду уьш кхоьруш хилахь Делан дозанаш ца лардарна. Шу кхоьруш делахь цара шиммо а Делан дозанаш ца лардарна‚ царна шинна а къа дац зуда мехах паргӀат яьлча. Уьш ду Делан дозанаш‚ уьш дōха ма делаш. Делан дозанаш дōхош берш – уьш зулам деш берш бу

    2:229
  2. فَإِنْ طَلَّقَهَا فَلَا تَحِلُّ لَهُ مِنْ بَعْدُ حَتَّىٰ تَنْكِحَ زَوْجًا غَيْرَهُ ۗ فَإِنْ طَلَّقَهَا فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا أَنْ يَتَرَاجَعَا إِنْ ظَنَّا أَنْ يُقِيمَا حُدُودَ اللَّهِ ۗ وَتِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ يُبَيِّنُهَا لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    Нагахь санна зуда йитахь /кхузза/‚ цул тӀаьхьа цунна и хьанал яц‚ кхечуьнга и маре йодахь бен. ТӀаккха цо (и шолг яханчо) и йитича‚ цу шинна а къа дац шаьш цхьанакхетча‚ шайна Делан дозанаш ларлур ду аьлла хетахь. Уьш ду Делан дозанаш‚ Цо билгалдеш долу хууш долчу къомана

    2:230
  3. وَإِذَا طَلَّقْتُمُ النِّسَاءَ فَبَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَأَمْسِكُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ أَوْ سَرِّحُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ ۚ وَلَا تُمْسِكُوهُنَّ ضِرَارًا لِتَعْتَدُوا ۚ وَمَنْ يَفْعَلْ ذَٰلِكَ فَقَدْ ظَلَمَ نَفْسَهُ ۚ وَلَا تَتَّخِذُوا آيَاتِ اللَّهِ هُزُوًا ۚ وَاذْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَمَا أَنْزَلَ عَلَيْكُمْ مِنَ الْكِتَابِ وَالْحِكْمَةِ يَعِظُكُمْ بِهِ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    Аш зударий /цкъа я шозза/ битина болуш‚ церан хан тӀекхаьчча – совцабе уьш дикачу агнца‚ я дӀабахийта уьш дикачу агнца. Аш ма совцабе уьш зуламца – тӀаккха аш дозанаш талхор ду. И дēчо шена зулам до. Делан аяташ забаре ма лера. Аш дагадаийта шайна хилла долу Делан ниӀмат а‚ Цо шеца шуна хьехам беш долу Ша шуьга доссийна долу Жайна а‚ /шуна делла долу/ хьекъалалла а. Шу Делах кхера‚ шуна хаалаш и Дела массо а хӀума хууш вуйла

    2:231

Гочдар: Магомед Магомедов