Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 234 – 235
-
وَالَّذِينَ يُتَوَفَّوْنَ مِنْكُمْ وَيَذَرُونَ أَزْوَاجًا يَتَرَبَّصْنَ بِأَنْفُسِهِنَّ أَرْبَعَةَ أَشْهُرٍ وَعَشْرًا ۖ فَإِذَا بَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا فَعَلْنَ فِي أَنْفُسِهِنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
Шух дӀакхелхина шайл буха зударий битинарш – церан зударий хьовсур бу беа баттахь а‚ итт дийнахь а. И хан тӀекхаьчча‚ шуна къа дац цара шайх динарг бахьанехь диканца. И Дела аш дийриг дика хууш ву
2:234 -
وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا عَرَّضْتُمْ بِهِ مِنْ خِطْبَةِ النِّسَاءِ أَوْ أَكْنَنْتُمْ فِي أَنْفُسِكُمْ ۚ عَلِمَ اللَّهُ أَنَّكُمْ سَتَذْكُرُونَهُنَّ وَلَٰكِنْ لَا تُوَاعِدُوهُنَّ سِرًّا إِلَّا أَنْ تَقُولُوا قَوْلًا مَعْرُوفًا ۚ وَلَا تَعْزِمُوا عُقْدَةَ النِّكَاحِ حَتَّىٰ يَبْلُغَ الْكِتَابُ أَجَلَهُ ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي أَنْفُسِكُمْ فَاحْذَرُوهُ ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ غَفُورٌ حَلِيمٌ
Къа дац шуна /хӀай божарий/ аш шайн захало цу зударшка дӀахьедича а‚ я къайладаьккхина шайгахь дитича а. Далла хаьа, баккъалла а, шуна уьш (зударий) дагабогӀур буйла. Мухха делахь а‚ ваӀда ма е царна къайлаха‚ нийса дош олуш бен. И ялор чӀагӀ ма де яздинарг шен ханна тӀекхаччалц. Шуна хаалаш‚ и Дела хууш вуйла шун дагахь дерг. Цунах ларлойла шу. Шуна хаалаш‚ и Дела гечдеш а‚ собаре (къа дича, таар дар тьхьатоттуш) а вуйла
2:235
Гочдар: Магомед Магомедов