Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 236 – 242
-
لَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِنْ طَلَّقْتُمُ النِّسَاءَ مَا لَمْ تَمَسُّوهُنَّ أَوْ تَفْرِضُوا لَهُنَّ فَرِيضَةً ۚ وَمَتِّعُوهُنَّ عَلَى الْمُوسِعِ قَدَرُهُ وَعَلَى الْمُقْتِرِ قَدَرُهُ مَتَاعًا بِالْمَعْرُوفِ ۖ حَقًّا عَلَى الْمُحْسِنِينَ
Къа дац шуна аш зударий битича /цаьрца мах хьахийначул тӀаьхьа/ шаьш царна гергадахана а доцуш, я урдон мах хадийна дӀабелла а боцуш. /Ишттачу хьолехь и зударий битинчо/ луо царна шайна пайденна цхьацца хӀума: хьал долчо – шен тароне хьаьжжина, хьал доцчо – шен тароне хьаьжжина, гӀиллакхца пайденна хӀума. Иза хьакъ ду хӀор шен Ӏамал дика хилийта луучу стагана тӀехь
2:236 -
وَإِنْ طَلَّقْتُمُوهُنَّ مِنْ قَبْلِ أَنْ تَمَسُّوهُنَّ وَقَدْ فَرَضْتُمْ لَهُنَّ فَرِيضَةً فَنِصْفُ مَا فَرَضْتُمْ إِلَّا أَنْ يَعْفُونَ أَوْ يَعْفُوَ الَّذِي بِيَدِهِ عُقْدَةُ النِّكَاحِ ۚ وَأَنْ تَعْفُوا أَقْرَبُ لِلتَّقْوَىٰ ۚ وَلَا تَنْسَوُا الْفَضْلَ بَيْنَكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Аш уьш (зударий) битахь‚ шайн цаьрца гергарадахар а хилла доцу‚ ткъа шайна урдон мах хадийна болу – шаьш хадийначул ах урдон мах лур бу аш царна. Лур бац‚ нагахь цара (зударша), я зуда ялор-йитар шайн карахь долчара /ца боьхуш/ битахь. Аш мах ца оьцуш битар (урдох хӀумма юха цадаккхар) герга ду /Делах/ кхоьруш хиларна. Аш диц ма де вовший юккъехь долу дозалла. Баккъалла а, и Дела аш дийриг гуш ву
2:237 -
حَافِظُوا عَلَى الصَّلَوَاتِ وَالصَّلَاةِ الْوُسْطَىٰ وَقُومُوا لِلَّهِ قَانِتِينَ
Ларде ламазаш а‚ юккъера ламаз а‚ дӀахӀитта Далла муьтӀахь хилла
2:238 -
فَإِنْ خِفْتُمْ فَرِجَالًا أَوْ رُكْبَانًا ۖ فَإِذَا أَمِنْتُمْ فَاذْكُرُوا اللَّهَ كَمَا عَلَّمَكُمْ مَا لَمْ تَكُونُوا تَعْلَمُونَ
Шайна кхерам хилахь – ламазаш де шаьш /когаштхь/ гӀаш доьлхушшехь я /цхьана хманна т/хевшина доьлхушшехь. Шаьш кхерамах хьалхадевлча‚ Дела хьехавелаш‚ Цо шайна Ӏамадеш ма-хиллара шуна ца хууш хилларг
2:239 -
وَالَّذِينَ يُتَوَفَّوْنَ مِنْكُمْ وَيَذَرُونَ أَزْوَاجًا وَصِيَّةً لِأَزْوَاجِهِمْ مَتَاعًا إِلَى الْحَوْلِ غَيْرَ إِخْرَاجٍ ۚ فَإِنْ خَرَجْنَ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِي مَا فَعَلْنَ فِي أَنْفُسِهِنَّ مِنْ مَعْرُوفٍ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Шух дӀакхелхинчара шайл буха зударий а битина, шайн зударшна весет дина царна оьшуш долу хма дуьтийла цхьа шо дуззалц. Уьш арабовлахь‚ шуна къа дац цара шайлахь динчунна диканца. И Дела веза верг а‚ хьекъале верг а ву
2:240 -
وَلِلْمُطَلَّقَاتِ مَتَاعٌ بِالْمَعْرُوفِ ۖ حَقًّا عَلَى الْمُتَّقِينَ
Битинчу зударшна совгт лур ду хазачу гллакхехь‚ Делах кхоьручарна и далар хьакъ долуш
2:241 -
كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ шу хьекъале хилийтархьама
2:242
Гочдар: Магомед Магомедов