Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 243 – 248
-
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ خَرَجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ وَهُمْ أُلُوفٌ حَذَرَ الْمَوْتِ فَقَالَ لَهُمُ اللَّهُ مُوتُوا ثُمَّ أَحْيَاهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَشْكُرُونَ
Хьуна ца хаъа /хӀай Мухьаммад/ баларх кхерабелла шайн цӀеношкара бевдда арабевлачу эзарнашна хилларг? Дала цаьрга элира: 'Ле шу!' /Уьш белира/, тӀаккха Цо уьш денбира. Баккъалла а, и Дела къинхетам болуш ма ву нахах, амма дукхахболчу наха баркалла ца олу
2:243 -
وَقَاتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
Къийсам латтабе Делан новкъахь. Шуна хаа‚ и Дела ша хезаш верг а‚ хууш верг а вуйла
2:244 -
مَنْ ذَا الَّذِي يُقْرِضُ اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا فَيُضَاعِفَهُ لَهُ أَضْعَافًا كَثِيرَةً ۚ وَاللَّهُ يَقْبِضُ وَيَبْسُطُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Далла хаза декхар делларг милла велахь а‚ Цо масийттаза алсамдоккхур ду цунна и. И Дела ша рицкъ дӀакъовлуш верг а ву‚ дӀахоьцуш верг а ву‚ Цуьнга шу дӀадерзор долуш а ду
2:245 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الْمَلَإِ مِنْ بَنِي إِسْرَائِيلَ مِنْ بَعْدِ مُوسَىٰ إِذْ قَالُوا لِنَبِيٍّ لَهُمُ ابْعَثْ لَنَا مَلِكًا نُقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۖ قَالَ هَلْ عَسَيْتُمْ إِنْ كُتِبَ عَلَيْكُمُ الْقِتَالُ أَلَّا تُقَاتِلُوا ۖ قَالُوا وَمَا لَنَا أَلَّا نُقَاتِلَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَقَدْ أُخْرِجْنَا مِنْ دِيَارِنَا وَأَبْنَائِنَا ۖ فَلَمَّا كُتِبَ عَلَيْهِمُ الْقِتَالُ تَوَلَّوْا إِلَّا قَلِيلًا مِنْهُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ
Хьоьга ца кхаьчна Исраилан кӀентех /цхьана/ элаша Мусал тӀаьхьа шайн пайхамаре аьлларг? 'Ваийта тхуна паччахь‚ оха Делан новкъахь тӀом бийр бу'-ма элира цара. Цо элира: 'Шу хила тарло-те‚ шайна тӀе тӀом бар диллича‚ и ца бан дохкуш?' Цара элира: 'Оха хӀунда ца бо Делан новкъахь тӀом‚ тхо тхешан цӀеношкара а, тхешан доьзалех а арадаьхна хилча?' Царна тӀом бар тӀедиллича‚ юхабевлира уьш‚ царах цхьа кӀеззиг берш боцурш. И Дела бевзаш ма ву зулам деш берш
2:246 -
وَقَالَ لَهُمْ نَبِيُّهُمْ إِنَّ اللَّهَ قَدْ بَعَثَ لَكُمْ طَالُوتَ مَلِكًا ۚ قَالُوا أَنَّىٰ يَكُونُ لَهُ الْمُلْكُ عَلَيْنَا وَنَحْنُ أَحَقُّ بِالْمُلْكِ مِنْهُ وَلَمْ يُؤْتَ سَعَةً مِنَ الْمَالِ ۚ قَالَ إِنَّ اللَّهَ اصْطَفَاهُ عَلَيْكُمْ وَزَادَهُ بَسْطَةً فِي الْعِلْمِ وَالْجِسْمِ ۖ وَاللَّهُ يُؤْتِي مُلْكَهُ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
Церан пайхамара цаьрга элира: 'Дала ваийтина шуна ТӀалут‚ паччахь хилла'. Цара элира: 'Цо хнда дан деза тхуна тӀехь паччахьалла? Тхо хьакъ ду цул паччахьалла дан. Шортта даьхни а ца делла цунна'. Цо элира: 'Дала и хаьржина шуна тӀехь‚ Цо и совваьккхина Ӏилманехь а‚ дегӀехь а. Дала паччахьалла луш ду Шена луучунна. И Дела /Шен къинхетамца массо а/ чулоцуш ву‚ Ша хууш а ву /и къинхетам хьанах бан беза/'
2:247 -
وَقَالَ لَهُمْ نَبِيُّهُمْ إِنَّ آيَةَ مُلْكِهِ أَنْ يَأْتِيَكُمُ التَّابُوتُ فِيهِ سَكِينَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ وَبَقِيَّةٌ مِمَّا تَرَكَ آلُ مُوسَىٰ وَآلُ هَارُونَ تَحْمِلُهُ الْمَلَائِكَةُ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Церан пайхамара цаьрга элира: 'Цуьнгахь паччахьалла хиларан билгало ю шуна тӀорказ дарца‚ шена чохь шун Кхиош-кхобучуьнгара сакинат долуш‚ Мусан а‚ ХӀарунан а доьзало бухайитина цхьацца хӀуманаш йолуш- маликаша дахьар ду иза'. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду шуна‚ шу муъманах хиллехь
2:248
Гочдар: Магомед Магомедов