Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 246 – 252

  1. أَلَمْ تَرَ إِلَى الْمَلَإِ مِنْ بَنِي إِسْرَائِيلَ مِنْ بَعْدِ مُوسَىٰ إِذْ قَالُوا لِنَبِيٍّ لَهُمُ ابْعَثْ لَنَا مَلِكًا نُقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۖ قَالَ هَلْ عَسَيْتُمْ إِنْ كُتِبَ عَلَيْكُمُ الْقِتَالُ أَلَّا تُقَاتِلُوا ۖ قَالُوا وَمَا لَنَا أَلَّا نُقَاتِلَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَقَدْ أُخْرِجْنَا مِنْ دِيَارِنَا وَأَبْنَائِنَا ۖ فَلَمَّا كُتِبَ عَلَيْهِمُ الْقِتَالُ تَوَلَّوْا إِلَّا قَلِيلًا مِنْهُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ

    Хьоьга ца кхаьчна Исраилан кIентех /цхьана/ элаша Мусал тIаьхьа шайн пайхамаре аьлларг? 'Ваийта тхуна паччахь‚ оха Делан новкъахь тIом бийр бу'-ма элира цара. Цо элира: 'Шу хила тарло-те‚ шайна тIе тIом бар диллича‚ и ца бан дохкуш?' Цара элира: 'Оха хIунда ца бо Делан новкъахь тIом‚ тхо тхешан цIеношкара а, тхешан доьзалех а арадаьхна хилча?' Царна тIом бар тIедиллича‚ юхабевлира уьш‚ царах цхьа кIеззиг берш боцурш. И Дела бевзаш ма ву зулам деш берш

    2:246
  2. وَقَالَ لَهُمْ نَبِيُّهُمْ إِنَّ اللَّهَ قَدْ بَعَثَ لَكُمْ طَالُوتَ مَلِكًا ۚ قَالُوا أَنَّىٰ يَكُونُ لَهُ الْمُلْكُ عَلَيْنَا وَنَحْنُ أَحَقُّ بِالْمُلْكِ مِنْهُ وَلَمْ يُؤْتَ سَعَةً مِنَ الْمَالِ ۚ قَالَ إِنَّ اللَّهَ اصْطَفَاهُ عَلَيْكُمْ وَزَادَهُ بَسْطَةً فِي الْعِلْمِ وَالْجِسْمِ ۖ وَاللَّهُ يُؤْتِي مُلْكَهُ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ

    Церан пайхамара цаьрга элира: 'Дала ваийтина шуна ТIалут‚ паччахь хилла'. Цара элира: 'Цо хнда дан деза тхуна тIехь паччахьалла? Тхо хьакъ ду цул паччахьалла дан. Шортта даьхни а ца делла цунна'. Цо элира: 'Дала и хаьржина шуна тIехь‚ Цо и совваьккхина Iилманехь а‚ дегIехь а. Дала паччахьалла луш ду Шена луучунна. И Дела /Шен къинхетамца массо а/ чулоцуш ву‚ Ша хууш а ву /и къинхетам хьанах бан беза/'

    2:247
  3. وَقَالَ لَهُمْ نَبِيُّهُمْ إِنَّ آيَةَ مُلْكِهِ أَنْ يَأْتِيَكُمُ التَّابُوتُ فِيهِ سَكِينَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ وَبَقِيَّةٌ مِمَّا تَرَكَ آلُ مُوسَىٰ وَآلُ هَارُونَ تَحْمِلُهُ الْمَلَائِكَةُ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Церан пайхамара цаьрга элира: 'Цуьнгахь паччахьалла хиларан билгало ю шуна тIорказ дарца‚ шена чохь шун Кхиош-кхобучуьнгара сакинат долуш‚ Мусан а‚ ХIарунан а доьзало бухайитина цхьацца хIуманаш йолуш- маликаша дахьар ду иза'. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду шуна‚ шу муъманах хиллехь

    2:248
  4. فَلَمَّا فَصَلَ طَالُوتُ بِالْجُنُودِ قَالَ إِنَّ اللَّهَ مُبْتَلِيكُمْ بِنَهَرٍ فَمَنْ شَرِبَ مِنْهُ فَلَيْسَ مِنِّي وَمَنْ لَمْ يَطْعَمْهُ فَإِنَّهُ مِنِّي إِلَّا مَنِ اغْتَرَفَ غُرْفَةً بِيَدِهِ ۚ فَشَرِبُوا مِنْهُ إِلَّا قَلِيلًا مِنْهُمْ ۚ فَلَمَّا جَاوَزَهُ هُوَ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ قَالُوا لَا طَاقَةَ لَنَا الْيَوْمَ بِجَالُوتَ وَجُنُودِهِ ۚ قَالَ الَّذِينَ يَظُنُّونَ أَنَّهُمْ مُلَاقُو اللَّهِ كَمْ مِنْ فِئَةٍ قَلِيلَةٍ غَلَبَتْ فِئَةً كَثِيرَةً بِإِذْنِ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ مَعَ الصَّابِرِينَ

    ТIалут шен эскарца араваьлча‚ цо элира: 'Дала шу зуьйр долуш ду хица: цунах хи мелларг сох вац (сан эскарца гIазоте гIур вац). Цунах чам ца баьккхинарг‚ шен куьйга эцна цхьа кана доцург‚ и сох ву (и гIур ву гIазоте)'. Цара цунах хи мелира‚ цхьа кIеззиг берш боцучара. Иза (ТIалут) а, цуьнца /Делах/ тешаш хилларш а дIабахча‚ цара элира: 'Вайн ницкъ кхочур бац тахана Джалутана а‚ цуьнан эскарна а тIехь'. Шаьш Далла дуьхьалкхетарг хиларх тешнаболчара элира: 'Мосазза жимачу тобано йоккха тоба эшийна Делан лаамца. Баккъалла а, Дела ма ву собаре болчаьрца'

    2:249
  5. وَلَمَّا بَرَزُوا لِجَالُوتَ وَجُنُودِهِ قَالُوا رَبَّنَا أَفْرِغْ عَلَيْنَا صَبْرًا وَثَبِّتْ أَقْدَامَنَا وَانْصُرْنَا عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ

    Джалутана а‚ цуьнан эскарна а уьш гучубевлча‚ цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобуш верг! Ахь собар лолахь тхуна‚ чIагIбелахь тхан когаш‚ гIо делахь тхуна ца тешаш долчу къомана тIехь толам баккха'

    2:250
  6. فَهَزَمُوهُمْ بِإِذْنِ اللَّهِ وَقَتَلَ دَاوُودُ جَالُوتَ وَآتَاهُ اللَّهُ الْمُلْكَ وَالْحِكْمَةَ وَعَلَّمَهُ مِمَّا يَشَاءُ ۗ وَلَوْلَا دَفْعُ اللَّهِ النَّاسَ بَعْضَهُمْ بِبَعْضٍ لَفَسَدَتِ الْأَرْضُ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ ذُو فَضْلٍ عَلَى الْعَالَمِينَ

    Делан лаамца цара уьш эшийра. Давуда вийра Джалут. Дала цунна паччахьалла а‚ хьекъалалла а делира‚ Iамийра цунна Шена луург. Дала нах цхьаберш вовшашца ларбеш бацахьара‚ латта галдерадара (керстанаш толарца, бусалбанаш байарца, маьждигаш дохорца), делахь а, и Дела ву комаьршаллин да дерриге а Iаламашна тхь

    2:251
  7. تِلْكَ آيَاتُ اللَّهِ نَتْلُوهَا عَلَيْكَ بِالْحَقِّ ۚ وَإِنَّكَ لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ

    Уьш Делан аяташ ду‚ Оха хьуна доьшуш бакъонца. Баккъалла а‚ хьо ма ву /Дала/ бахкийтинчарех

    2:252

Гочдар: Магомед Магомедов