Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 249 – 253

  1. فَلَمَّا فَصَلَ طَالُوتُ بِالْجُنُودِ قَالَ إِنَّ اللَّهَ مُبْتَلِيكُمْ بِنَهَرٍ فَمَنْ شَرِبَ مِنْهُ فَلَيْسَ مِنِّي وَمَنْ لَمْ يَطْعَمْهُ فَإِنَّهُ مِنِّي إِلَّا مَنِ اغْتَرَفَ غُرْفَةً بِيَدِهِ ۚ فَشَرِبُوا مِنْهُ إِلَّا قَلِيلًا مِنْهُمْ ۚ فَلَمَّا جَاوَزَهُ هُوَ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ قَالُوا لَا طَاقَةَ لَنَا الْيَوْمَ بِجَالُوتَ وَجُنُودِهِ ۚ قَالَ الَّذِينَ يَظُنُّونَ أَنَّهُمْ مُلَاقُو اللَّهِ كَمْ مِنْ فِئَةٍ قَلِيلَةٍ غَلَبَتْ فِئَةً كَثِيرَةً بِإِذْنِ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ مَعَ الصَّابِرِينَ

    ТӀалут шен эскарца араваьлча‚ цо элира: 'Дала шу зуьйр долуш ду хица: цунах хи мелларг сох вац (сан эскарца гӀазоте гӀур вац). Цунах чам ца баьккхинарг‚ шен куьйга эцна цхьа кана доцург‚ и сох ву (и гӀур ву гӀазоте)'. Цара цунах хи мелира‚ цхьа кӀеззиг берш боцучара. Иза (ТӀалут) а, цуьнца /Делах/ тешаш хилларш а дӀабахча‚ цара элира: 'Вайн ницкъ кхочур бац тахана Джалутана а‚ цуьнан эскарна а тӀехь'. Шаьш Далла дуьхьалкхетарг хиларх тешнаболчара элира: 'Мосазза жимачу тобано йоккха тоба эшийна Делан лаамца. Баккъалла а, Дела ма ву собаре болчаьрца'

    2:249
  2. وَلَمَّا بَرَزُوا لِجَالُوتَ وَجُنُودِهِ قَالُوا رَبَّنَا أَفْرِغْ عَلَيْنَا صَبْرًا وَثَبِّتْ أَقْدَامَنَا وَانْصُرْنَا عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ

    Джалутана а‚ цуьнан эскарна а уьш гучубевлча‚ цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобуш верг! Ахь собар лолахь тхуна‚ чӀагӀбелахь тхан когаш‚ гӀо делахь тхуна ца тешаш долчу къомана тӀехь толам баккха'

    2:250
  3. فَهَزَمُوهُمْ بِإِذْنِ اللَّهِ وَقَتَلَ دَاوُودُ جَالُوتَ وَآتَاهُ اللَّهُ الْمُلْكَ وَالْحِكْمَةَ وَعَلَّمَهُ مِمَّا يَشَاءُ ۗ وَلَوْلَا دَفْعُ اللَّهِ النَّاسَ بَعْضَهُمْ بِبَعْضٍ لَفَسَدَتِ الْأَرْضُ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ ذُو فَضْلٍ عَلَى الْعَالَمِينَ

    Делан лаамца цара уьш эшийра. Давуда вийра Джалут. Дала цунна паччахьалла а‚ хьекъалалла а делира‚ Ӏамийра цунна Шена луург. Дала нах цхьаберш вовшашца ларбеш бацахьара‚ латта галдерадара (керстанаш толарца, бусалбанаш байарца, маьждигаш дохорца), делахь а, и Дела ву комаьршаллин да дерриге а Ӏаламашна тхь

    2:251
  4. تِلْكَ آيَاتُ اللَّهِ نَتْلُوهَا عَلَيْكَ بِالْحَقِّ ۚ وَإِنَّكَ لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ

    Уьш Делан аяташ ду‚ Оха хьуна доьшуш бакъонца. Баккъалла а‚ хьо ма ву /Дала/ бахкийтинчарех

    2:252
  5. تِلْكَ الرُّسُلُ فَضَّلْنَا بَعْضَهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ ۘ مِنْهُمْ مَنْ كَلَّمَ اللَّهُ ۖ وَرَفَعَ بَعْضَهُمْ دَرَجَاتٍ ۚ وَآتَيْنَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ الْبَيِّنَاتِ وَأَيَّدْنَاهُ بِرُوحِ الْقُدُسِ ۗ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا اقْتَتَلَ الَّذِينَ مِنْ بَعْدِهِمْ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْهُمُ الْبَيِّنَاتُ وَلَٰكِنِ اخْتَلَفُوا فَمِنْهُمْ مَنْ آمَنَ وَمِنْهُمْ مَنْ كَفَرَ ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا اقْتَتَلُوا وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يَفْعَلُ مَا يُرِيدُ

    Уьш бу элчанаш. Оха царах цхьаберш вукхарал базбина. Царах ву Дала шеца къамел динарг а‚ Цо айбина царах цхьаберш даржашкахь. Оха елира Марьяман кӀанте Ӏийсага а билгалонаш‚ чӀагӀ а вира Оха и сийдолчу сица. Далла лиъна хиллехьара‚ тӀом бийр бацара царал (элчанел) тӀаьхьа хиллачара шайга билгалонаш дӀакхаьчначул тӀаьхьа. Делахь а, цхьа барт ца хилла церан – царах бу тешарш а‚ царах бу цатешарш а. Далла лиъна хиллехьара‚ тӀом бийр бацара цара‚ амма Дала до Шена луьург

    2:253

Гочдар: Магомед Магомедов