Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 254 – 257
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا أَنْفِقُوا مِمَّا رَزَقْنَاكُمْ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَ يَوْمٌ لَا بَيْعٌ فِيهِ وَلَا خُلَّةٌ وَلَا شَفَاعَةٌ ۗ وَالْكَافِرُونَ هُمُ الظَّالِمُونَ
ХӀай иман диллинарш! Харжаш е /Делан новкъахь/ Оха шайна деллачу рицкъанах‚ шена чохь йохка-эцар а‚ доттагӀалла а‚ шапаӀат а хир доцу де тӀекхачале. Цатешарш – уьш бу-кх зуламхой
2:254 -
اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومُ ۚ لَا تَأْخُذُهُ سِنَةٌ وَلَا نَوْمٌ ۚ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ مَنْ ذَا الَّذِي يَشْفَعُ عِنْدَهُ إِلَّا بِإِذْنِهِ ۚ يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ ۖ وَلَا يُحِيطُونَ بِشَيْءٍ مِنْ عِلْمِهِ إِلَّا بِمَا شَاءَ ۚ وَسِعَ كُرْسِيُّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ ۖ وَلَا يَئُودُهُ حِفْظُهُمَا ۚ وَهُوَ الْعَلِيُّ الْعَظِيمُ
АллахӀ (Шен ц йолу цхьа Дела) ву – кхин Дела вац И воцург‚ дийна ву И‚ Ша дӀахӀоьттина ву‚ наб озор а наб яр а доцуш. Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Цхьа а ма вац Цунна гергахь шапаӀат дийр долуш‚ Цуьнан лаамца бен. Царал хьалха хилларг хууш ву И‚ тӀаьхьа хиндерг а /хууш/ ву. Цуьнан Ӏилманан хӀуманна а тӀекхуьур ма бац уьш, Цунна луучул бен. Шуьйра хилла Цуьнан курсий стигланаш а, латта а чу лоцуш. Уьш Ӏалашъярехь хӀумма а хало ца хуьлу Цунна, И лекха верг а‚ сийлахь – веза верг а ву
2:255 -
لَا إِكْرَاهَ فِي الدِّينِ ۖ قَدْ تَبَيَّنَ الرُّشْدُ مِنَ الْغَيِّ ۚ فَمَنْ يَكْفُرْ بِالطَّاغُوتِ وَيُؤْمِنْ بِاللَّهِ فَقَدِ اسْتَمْسَكَ بِالْعُرْوَةِ الْوُثْقَىٰ لَا انْفِصَامَ لَهَا ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
Ницкъ бийр бац динехь; нийса некъ къастабелла харц некъах. ТӀагӀутах ца тешаш‚ Делах тешнарг – и лаьтташ ву ша хедар йоцчу чӀогӀачу уьйраца. И Дела ша хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву
2:256 -
اللَّهُ وَلِيُّ الَّذِينَ آمَنُوا يُخْرِجُهُمْ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا أَوْلِيَاؤُهُمُ الطَّاغُوتُ يُخْرِجُونَهُمْ مِنَ النُّورِ إِلَى الظُّلُمَاتِ ۗ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Дела ву тешаш болчеран вали. Цо уьш арабоху боданера серлонга. Ца тешаш берш – церан авлияаш тӀагӀуташ ду, цара боху уьш серлонгара бодане. уьш ма бу цӀеран дай‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу
2:257
Гочдар: Магомед Магомедов