Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 258 – 260
-
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِي حَاجَّ إِبْرَاهِيمَ فِي رَبِّهِ أَنْ آتَاهُ اللَّهُ الْمُلْكَ إِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّيَ الَّذِي يُحْيِي وَيُمِيتُ قَالَ أَنَا أُحْيِي وَأُمِيتُ ۖ قَالَ إِبْرَاهِيمُ فَإِنَّ اللَّهَ يَأْتِي بِالشَّمْسِ مِنَ الْمَشْرِقِ فَأْتِ بِهَا مِنَ الْمَغْرِبِ فَبُهِتَ الَّذِي كَفَرَ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
Хьуна хаий ИбрахӀимца и Кхиош-кхобучух лаьцна къуьйсуш хиллачух‚ Дала шена паччахьалла делла хиллачу? ИбрахӀима аьллера: 'Сан Кхиош-кхобург ву Ша дендеш а‚ долуьйтуш а верг'. Цо (Намруз паччахьа) элира: 'Ас ден а до‚ дала а долуьйту'. ИбрахӀима элира: 'Дала малх боуьйту малхбалехьахула‚ ахь баийтал и малхбузехьахула'. ТӀаккха вуьйхира цатешарг. Дала нис ца до зуламе долу къам
2:258 -
أَوْ كَالَّذِي مَرَّ عَلَىٰ قَرْيَةٍ وَهِيَ خَاوِيَةٌ عَلَىٰ عُرُوشِهَا قَالَ أَنَّىٰ يُحْيِي هَٰذِهِ اللَّهُ بَعْدَ مَوْتِهَا ۖ فَأَمَاتَهُ اللَّهُ مِائَةَ عَامٍ ثُمَّ بَعَثَهُ ۖ قَالَ كَمْ لَبِثْتَ ۖ قَالَ لَبِثْتُ يَوْمًا أَوْ بَعْضَ يَوْمٍ ۖ قَالَ بَلْ لَبِثْتَ مِائَةَ عَامٍ فَانْظُرْ إِلَىٰ طَعَامِكَ وَشَرَابِكَ لَمْ يَتَسَنَّهْ ۖ وَانْظُرْ إِلَىٰ حِمَارِكَ وَلِنَجْعَلَكَ آيَةً لِلنَّاسِ ۖ وَانْظُرْ إِلَى الْعِظَامِ كَيْفَ نُنْشِزُهَا ثُمَّ نَكْسُوهَا لَحْمًا ۚ فَلَمَّا تَبَيَّنَ لَهُ قَالَ أَعْلَمُ أَنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Я /хаьий хьуна/ цхьана эвлана уллохула воьдучух хилларг, тхевнаш т а хирцина, йохийна хиллачу? Цо элира: 'Муха денйийр ю хӀара Дала еллачул тӀаьхьа!?' Дала и валийтира бӀешарна‚ тӀаккха денвира. Элира /Дала/: 'Мел лаьттира хьо?' Цо элира: 'Со лаьттира /велла/ цхьана дийнахь я эха дийнахь'. Цо (Дала) элира: 'ХӀан-хӀа‚ хьо лаьттира бӀешарахь‚ хьо хьажал хьайн кхачане а‚ маларе а – хийца ца делла уьш‚ хьо хьажал хьайн вире‚ Оха цхьа делил хуьлуьйтур ду хьох нахана. Хьажал хӀинца даьӀахкашка‚ Оха уьш муха денйо‚ тӀаккха царна тӀе дилха дуьллу'. И шена билгалдаьллачул тӀаьхьа‚ цо элира: 'Суна хаьа Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш вуйла'
2:259 -
وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ أَرِنِي كَيْفَ تُحْيِي الْمَوْتَىٰ ۖ قَالَ أَوَلَمْ تُؤْمِنْ ۖ قَالَ بَلَىٰ وَلَٰكِنْ لِيَطْمَئِنَّ قَلْبِي ۖ قَالَ فَخُذْ أَرْبَعَةً مِنَ الطَّيْرِ فَصُرْهُنَّ إِلَيْكَ ثُمَّ اجْعَلْ عَلَىٰ كُلِّ جَبَلٍ مِنْهُنَّ جُزْءًا ثُمَّ ادْعُهُنَّ يَأْتِينَكَ سَعْيًا ۚ وَاعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
ИбрахӀима аьллера: 'Сан Кхиош-кхобург‚ гайтахь суна‚ Ахь муха денбо белларш'. Цо (Дала) элира: 'Хьо ца теша ткъа?' Элира /ИбрахӀима/: 'Теша‚ делахь а‚ дог чӀагӀдалийтархьама'. /Дала/ элира: 'ХӀета‚ схьаэца диъ хьоза‚ хьайна тӀедаладай‚ дакъош де царах. ТӀаккха хӀор ламанна тӀе цхьацца дакъа дилла царах‚ тӀаккха уьш тӀекхайкха хьайна – сихха тӀедогӀур ду хьуна уьш‚ хьо хууш хилалахь и Дела Ша веза верг а‚ хьекъале верг а вуйла'
2:260
Гочдар: Магомед Магомедов