Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 261 – 266
-
مَثَلُ الَّذِينَ يُنْفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ كَمَثَلِ حَبَّةٍ أَنْبَتَتْ سَبْعَ سَنَابِلَ فِي كُلِّ سُنْبُلَةٍ مِائَةُ حَبَّةٍ ۗ وَاللَّهُ يُضَاعِفُ لِمَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
Шен долахьдерг Делан новкъахь даьккхинчун масал ду‚ буьртиган масалх тера: цо схьабалийтина ворхӀ кан‚ хӀор кена чохь бӀе буьртиг болуш. Цу Дала алсам ма доккху Шена луучунна‚ и Дела шорто йолуш верг а‚ хууш верг а ма ву
2:261 -
الَّذِينَ يُنْفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ثُمَّ لَا يُتْبِعُونَ مَا أَنْفَقُوا مَنًّا وَلَا أَذًى ۙ لَهُمْ أَجْرُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Шайн долахьдерг Делан новкъахь доккхуш берш‚ тӀаккха шаьш даьккхинчунна тӀаьхьа тӀехдеттарш а‚ бехкаш а ца дохуш‚ царна шайн мēла ма бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь. Кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац
2:262 -
قَوْلٌ مَعْرُوفٌ وَمَغْفِرَةٌ خَيْرٌ مِنْ صَدَقَةٍ يَتْبَعُهَا أَذًى ۗ وَاللَّهُ غَنِيٌّ حَلِيمٌ
Хаза дош а‚ гечдар а тоьлуш ду шена тӀаьхьа бехк боккхуш долчу сагӀанал‚ и Дела хьал долуш а‚ собаре а ма ву
2:263 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُبْطِلُوا صَدَقَاتِكُمْ بِالْمَنِّ وَالْأَذَىٰ كَالَّذِي يُنْفِقُ مَالَهُ رِئَاءَ النَّاسِ وَلَا يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۖ فَمَثَلُهُ كَمَثَلِ صَفْوَانٍ عَلَيْهِ تُرَابٌ فَأَصَابَهُ وَابِلٌ فَتَرَكَهُ صَلْدًا ۖ لَا يَقْدِرُونَ عَلَىٰ شَيْءٍ مِمَّا كَسَبُوا ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ
ХӀай ийман диллинарш! ХӀаллак ма де шайн сагӀанаш тӀехдеттаршций‚ бехкашций‚ ша Делах а‚ тьххьарчу /къемат/дийнах а тешаш а воцуш, шен долахьдерг нахана гайтархьама /сагна/ доккхучух тера. Цуьнан масал ду шена тӀехь латта долчу шерачу тӀулгах тера: шена тӀе чӀогӀа догӀа дилхича - и бисира шерра /шена тӀера латта дӀадаьлла/. Ницкъ кхочур бац царна шаьш гулдинчух /цхьа а/ хӀуманах /пайдаэца/. Дала нис ца до ца тешаш долу къам
2:264 -
وَمَثَلُ الَّذِينَ يُنْفِقُونَ أَمْوَالَهُمُ ابْتِغَاءَ مَرْضَاتِ اللَّهِ وَتَثْبِيتًا مِنْ أَنْفُسِهِمْ كَمَثَلِ جَنَّةٍ بِرَبْوَةٍ أَصَابَهَا وَابِلٌ فَآتَتْ أُكُلَهَا ضِعْفَيْنِ فَإِنْ لَمْ يُصِبْهَا وَابِلٌ فَطَلٌّ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Дела реза хиларе догдохуш, /иймана тӀехь/ шаьш чӀагӀдалархьама шайн дōлахьдерг /сагӀина/ доккхучеран масал тера ду басахь йолчу бешах: шена тӀе чӀогӀа догӀа дилхича‚ стоьмаш дуккха алсамбуьйлуш. ЧӀогӀа догӀа ца дагӀахь а, догӀа серсаш, /цунах а тоам хуьлуш/. И Дела цара лелориг гуш ма ву
2:265 -
أَيَوَدُّ أَحَدُكُمْ أَنْ تَكُونَ لَهُ جَنَّةٌ مِنْ نَخِيلٍ وَأَعْنَابٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ لَهُ فِيهَا مِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ وَأَصَابَهُ الْكِبَرُ وَلَهُ ذُرِّيَّةٌ ضُعَفَاءُ فَأَصَابَهَا إِعْصَارٌ فِيهِ نَارٌ فَاحْتَرَقَتْ ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَتَفَكَّرُونَ
Шуна цхьанна а луур дарий шен хурманийн а‚ кемсийн а беш хила‚ шена бухахула хиш а лелаш‚ массо а стом шена чохь а болуш‚ тӀаккха шен кегий доьзал а болуш и воккха хилча‚ чохь цӀе йолу чӀогӀа мох баьлла‚ цо и ягаян? Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ‚ шу хилийтархьама ойла еш
2:266
Гочдар: Магомед Магомедов