Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 267 – 273
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا أَنْفِقُوا مِنْ طَيِّبَاتِ مَا كَسَبْتُمْ وَمِمَّا أَخْرَجْنَا لَكُمْ مِنَ الْأَرْضِ ۖ وَلَا تَيَمَّمُوا الْخَبِيثَ مِنْهُ تُنْفِقُونَ وَلَسْتُمْ بِآخِذِيهِ إِلَّا أَنْ تُغْمِضُوا فِيهِ ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ غَنِيٌّ حَمِيدٌ
ХӀай ийман диллинарш! СагӀина ло‚ шайна карадеаначу цӀенчух‚ Оха шайна лаьттах схьадалийтинчух а. Аш сагӀа доккхуш шун Ӏалашо ма хуьлийла боьханиг‚ аша а оьцур ма яцара и /шайна елча/ бӀаьргаш хьаббийна бен. Шуна хаалаш‚ и Дела вуйла хьал долуш а /Шена шун сагнаш ца оьшуш /‚ хастаме а /дика мал йинчунна хаза ял луш/
2:267 -
الشَّيْطَانُ يَعِدُكُمُ الْفَقْرَ وَيَأْمُرُكُمْ بِالْفَحْشَاءِ ۖ وَاللَّهُ يَعِدُكُمْ مَغْفِرَةً مِنْهُ وَفَضْلًا ۗ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
ШайтӀано кхерамаш туьйсу шуна къоьлаллица‚ хьоьху шуна ирчаниг. Дала ваӀда йо шуна Шегара гечдар а‚ комаьршалла а. И Дела /Шегахь/ шорто йолуш а ву‚ хууш а ву
2:268 -
يُؤْتِي الْحِكْمَةَ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَمَنْ يُؤْتَ الْحِكْمَةَ فَقَدْ أُوتِيَ خَيْرًا كَثِيرًا ۗ وَمَا يَذَّكَّرُ إِلَّا أُولُو الْأَلْبَابِ
Шена луучунна хьекъалалла луш ву И‚ (Цо) шена хьекъалалла делларг – шена дуккха а диканаш делларг ву-кх. Оцунах ойла-м ца йо хекъалдолчара а бен
2:269 -
وَمَا أَنْفَقْتُمْ مِنْ نَفَقَةٍ أَوْ نَذَرْتُمْ مِنْ نَذْرٍ فَإِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُهُ ۗ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ أَنْصَارٍ
Аш хӀума сагӀийна елча, я муьлха нузар дича – баккъалла а, Дела и дика хууш ма ву. Ма хир бац зуламхошна гӀоьнчий
2:270 -
إِنْ تُبْدُوا الصَّدَقَاتِ فَنِعِمَّا هِيَ ۖ وَإِنْ تُخْفُوهَا وَتُؤْتُوهَا الْفُقَرَاءَ فَهُوَ خَيْرٌ لَكُمْ ۚ وَيُكَفِّرُ عَنْكُمْ مِنْ سَيِّئَاتِكُمْ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
Аш сагӀанаш /нахана/ гуш дāхахь – дика ду иза. Аш уьш къайлаха дāхахь‚ пекъаршна лахь – и ду шуна тоьлуш дерг‚ цо дойур ду шуна шун вонаш. И Дела аш дийриг дика хууш ма ву
2:271 -
لَيْسَ عَلَيْكَ هُدَاهُمْ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۗ وَمَا تُنْفِقُوا مِنْ خَيْرٍ فَلِأَنْفُسِكُمْ ۚ وَمَا تُنْفِقُونَ إِلَّا ابْتِغَاءَ وَجْهِ اللَّهِ ۚ وَمَا تُنْفِقُوا مِنْ خَيْرٍ يُوَفَّ إِلَيْكُمْ وَأَنْتُمْ لَا تُظْلَمُونَ
Хьуна тӀехь дац уьш нийсачу новкъахь хилар‚ амма Дала нисво Шена луург. Аш сагйна мел даьккхинарг – шуна шайна ду. Аш ца доккху и Делан юьхье сатуьйсуш а бен. Аш мел даьккхинчу сагнйа бекхам хир бу шуна‚ зулам дийр дац шуна
2:272 -
لِلْفُقَرَاءِ الَّذِينَ أُحْصِرُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ لَا يَسْتَطِيعُونَ ضَرْبًا فِي الْأَرْضِ يَحْسَبُهُمُ الْجَاهِلُ أَغْنِيَاءَ مِنَ التَّعَفُّفِ تَعْرِفُهُمْ بِسِيمَاهُمْ لَا يَسْأَلُونَ النَّاسَ إِلْحَافًا ۗ وَمَا تُنْفِقُوا مِنْ خَيْرٍ فَإِنَّ اللَّهَ بِهِ عَلِيمٌ
Пекъарашна /ло сагӀанаш/‚ шаьш Делан новкъахь /шайн чгнаша/ совцийна болчу‚ ца кхуьу уьш лаьттахула кхерста. Цахуучунна моьтту уьш хьал долуш бу‚ уьш /сагӀа/ ца доьхуш болу дела. Хьуна бевзар бу уьш шайн Ӏаламаташца‚ тӀехӀоьттина /сагӀа/ ца доьху цара нахе. Муьлхха а диканиг аш /сагӀинйа/ даьккхича – баккъалла а, Дела и дика хууш ма ву шуна
2:273
Гочдар: Магомед Магомедов