Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 274 – 276
-
الَّذِينَ يُنْفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ سِرًّا وَعَلَانِيَةً فَلَهُمْ أَجْرُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Шаьш шайн дōлахьдерг /сагӀийна/ доккхуш берш буса а‚ дийнахь а‚ къайлаха а‚ гуш а – царна шайн мēла хир бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ царна кхерам а хир ма бац‚ уьш сингаттаме а хир ма бац
2:274 -
الَّذِينَ يَأْكُلُونَ الرِّبَا لَا يَقُومُونَ إِلَّا كَمَا يَقُومُ الَّذِي يَتَخَبَّطُهُ الشَّيْطَانُ مِنَ الْمَسِّ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُوا إِنَّمَا الْبَيْعُ مِثْلُ الرِّبَا ۗ وَأَحَلَّ اللَّهُ الْبَيْعَ وَحَرَّمَ الرِّبَا ۚ فَمَنْ جَاءَهُ مَوْعِظَةٌ مِنْ رَبِّهِ فَانْتَهَىٰ فَلَهُ مَا سَلَفَ وَأَمْرُهُ إِلَى اللَّهِ ۖ وَمَنْ عَادَ فَأُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Шаьш риба дууш берш гӀовтур ма бац ша шайтӀано ьвдинарг гӀоттуш санна а бен. Иза ду цара аларна: 'Йохка-эцар рибах тера ду'. Йохка-эцар хьанал дина Дала‚ риба хьарам дина. Шега шен Кхиош-кхобучуьнгара хьехам а беъна, сецнарг – цунна хьалха ддахнарг ду‚ цуьнан гӀуллакх Деле дӀадоьрзу. Юха а цунна тӀевирзинарг – уьш цӀеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу
2:275 -
يَمْحَقُ اللَّهُ الرِّبَا وَيُرْبِي الصَّدَقَاتِ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ كُلَّ كَفَّارٍ أَثِيمٍ
ДӀадойу Дала риба‚ кхиадо сагӀанаш. Цу Далла ца веза массо а тх цатешарг а‚ къинош дийриг а
2:276
Гочдар: Магомед Магомедов