Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 276 – 280

  1. يَمْحَقُ اللَّهُ الرِّبَا وَيُرْبِي الصَّدَقَاتِ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ كُلَّ كَفَّارٍ أَثِيمٍ

    ДӀадойу Дала риба‚ кхиадо сагӀанаш. Цу Далла ца веза массо а тх цатешарг а‚ къинош дийриг а

    2:276
  2. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ لَهُمْ أَجْرُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Баккъалла а, ийман диллинарш, /тккха/ дика Ӏамалш йинарш‚ ламаз хӀоттадеш берш‚ закат луш берш – царна мēла бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац

    2:277
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَذَرُوا مَا بَقِيَ مِنَ الرِّبَا إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    ХӀай ийман диллинарш! Кхера Делах‚ дита шаьш /юхалург деллачунна/ т доккху риба‚ шаьш /Делах/ тешаш хиллехь

    2:278
  4. فَإِنْ لَمْ تَفْعَلُوا فَأْذَنُوا بِحَرْبٍ مِنَ اللَّهِ وَرَسُولِهِ ۖ وَإِنْ تُبْتُمْ فَلَكُمْ رُءُوسُ أَمْوَالِكُمْ لَا تَظْلِمُونَ وَلَا تُظْلَمُونَ

    И аш ца дахь – Делера а‚ Цуьнан элчанера а тӀом кхайкхабе. Аш тōба дахь – шуна шайн дōлахьдолчун коьртехь хилларг ду: аш зулам дийр дац /риба доьхуш/ – шуна а зулам дийр дац /аш делларг эшош/

    2:279
  5. وَإِنْ كَانَ ذُو عُسْرَةٍ فَنَظِرَةٌ إِلَىٰ مَيْسَرَةٍ ۚ وَأَنْ تَصَدَّقُوا خَيْرٌ لَكُمْ ۖ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Цуьнгахь хало хилахь – атта хиллалц тӀаьхьатоттур ду /декхар схьадехар/‚ аш и /дерриг я цунах цхьадерг/ сагӀина дитахь – дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь

    2:280

Гочдар: Магомед Магомедов