Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 284 – 286
-
لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَإِنْ تُبْدُوا مَا فِي أَنْفُسِكُمْ أَوْ تُخْفُوهُ يُحَاسِبْكُمْ بِهِ اللَّهُ ۖ فَيَغْفِرُ لِمَنْ يَشَاءُ وَيُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Делан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ аш гучудаьккхича а шайгахь дерг‚ я хьулдича а – и хьесап дийр ду шуна Дала. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Ӏазап дийр ду. И Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш ма ву
2:284 -
آمَنَ الرَّسُولُ بِمَا أُنْزِلَ إِلَيْهِ مِنْ رَبِّهِ وَالْمُؤْمِنُونَ ۚ كُلٌّ آمَنَ بِاللَّهِ وَمَلَائِكَتِهِ وَكُتُبِهِ وَرُسُلِهِ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِنْ رُسُلِهِ ۚ وَقَالُوا سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا ۖ غُفْرَانَكَ رَبَّنَا وَإِلَيْكَ الْمَصِيرُ
Элча тийшира шен Кхиош-кхобучуьнгара шега доссийнчух‚ муъманах а тийшира. Массо а тийшира Делах а‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а. /Олу муъманаха/: “Цуьнан элчаний юккъера цхьа а къаста ца во оха”. ТӀаккха цара элира: 'ЛадоьгӀна оха‚ муьтӀахь хилла тхо. Ахь гечделахь тхуна‚ тхан Кхиош-кхобург‚ Хьоьга ду-кх дӀадерзар'
2:285 -
لَا يُكَلِّفُ اللَّهُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا ۚ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَعَلَيْهَا مَا اكْتَسَبَتْ ۗ رَبَّنَا لَا تُؤَاخِذْنَا إِنْ نَسِينَا أَوْ أَخْطَأْنَا ۚ رَبَّنَا وَلَا تَحْمِلْ عَلَيْنَا إِصْرًا كَمَا حَمَلْتَهُ عَلَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِنَا ۚ رَبَّنَا وَلَا تُحَمِّلْنَا مَا لَا طَاقَةَ لَنَا بِهِ ۖ وَاعْفُ عَنَّا وَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَا ۚ أَنْتَ مَوْلَانَا فَانْصُرْنَا عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ
Сина тӀе ца дуьллу Дала цунна ницкъ кхочург бен. Цунна – ша карадийнарг ду‚ цунна дуьхал а – ша карадийнарг ду. 'Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхо бехке ма лацалахь тхо дицделча а‚ я гӀалатдаьлча а. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхуна тӀе ма йиллалахь хало‚ Ахь тхол хьалхабаханчарна тӀе йилларх терра. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхуна тӀе ма диллалахь тхуна шена тӀехь ницкъ цакхочург‚ хьалхадахалахь тхо‚ гечделахь тхуна‚ къинхетам а белахь тхох‚ Хьо ву тхан верас‚ гӀо делахь тхуна ца тешачу къомана тӀехь'. (Иштта деха боху Дала муъманахе)
2:286
Гочдар: Магомед Магомедов