Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 30 – 39

  1. وَإِذْ قَالَ رَبُّكَ لِلْمَلَائِكَةِ إِنِّي جَاعِلٌ فِي الْأَرْضِ خَلِيفَةً ۖ قَالُوا أَتَجْعَلُ فِيهَا مَنْ يُفْسِدُ فِيهَا وَيَسْفِكُ الدِّمَاءَ وَنَحْنُ نُسَبِّحُ بِحَمْدِكَ وَنُقَدِّسُ لَكَ ۖ قَالَ إِنِّي أَعْلَمُ مَا لَا تَعْلَمُونَ

    Хьан Кхиош-кхобучо аьллера маликашка: 'Со воллу лаьтта тӀехь тьхье хилийта'. Цара элира: 'Ахь кхуллу ткъа цу тӀехь боьханиг ден дерг а‚ цӀий Ӏено дерг а? Оха бийр бара Хьуна хастам а‚ оха вазвийр а ма вара Хьо'. Цо элира: 'Со хууш ма ву шуна цахуург а'

    2:30
  2. وَعَلَّمَ آدَمَ الْأَسْمَاءَ كُلَّهَا ثُمَّ عَرَضَهُمْ عَلَى الْمَلَائِكَةِ فَقَالَ أَنْبِئُونِي بِأَسْمَاءِ هَٰؤُلَاءِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Цо Ӏамийра Āдамна массо а хӀуманийн цӀерш‚ тӀаккха уьш маликашна а гайтина‚ элира: 'Йийца Суна церан цӀерш‚ шаьш делахь бакълуьйш'

    2:31
  3. قَالُوا سُبْحَانَكَ لَا عِلْمَ لَنَا إِلَّا مَا عَلَّمْتَنَا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ

    Цара элира: 'Массо а вочух цӀена ву Хьо. Тхоьгахь ма дац Ахь тхайна мийна долу лма бен. Хьо ву-кх хууш верг а‚ хьекъале верг а'

    2:32
  4. قَالَ يَا آدَمُ أَنْبِئْهُمْ بِأَسْمَائِهِمْ ۖ فَلَمَّا أَنْبَأَهُمْ بِأَسْمَائِهِمْ قَالَ أَلَمْ أَقُلْ لَكُمْ إِنِّي أَعْلَمُ غَيْبَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَأَعْلَمُ مَا تُبْدُونَ وَمَا كُنْتُمْ تَكْتُمُونَ

    /Дала/ элира: 'ХӀай Āдам‚ ахь йийцал цаьрга церан цӀерш'. ТӀаккха цо цаьрга церан цӀерш йийцича‚ элира /Дала/: 'Ас шуьга ца аьллера ткъа: Со хууш ву стигланийн а‚ лаьттан а къайле‚ Со хууш ву аш гучудоккхуш дерг а‚ аш хьулдеш хилларг а?'

    2:33
  5. وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ أَبَىٰ وَاسْتَكْبَرَ وَكَانَ مِنَ الْكَافِرِينَ

    Оха аьллера маликашка: 'Сужуд де Āдамна'. ТӀаккха цара сужуд дира‚ Иблис доцчо. Иза дуьхьал а делира‚ цо куралла а йира‚ – и хилира цатешачарах

    2:34
  6. وَقُلْنَا يَا آدَمُ اسْكُنْ أَنْتَ وَزَوْجُكَ الْجَنَّةَ وَكُلَا مِنْهَا رَغَدًا حَيْثُ شِئْتُمَا وَلَا تَقْرَبَا هَٰذِهِ الشَّجَرَةَ فَتَكُونَا مِنَ الظَّالِمِينَ

    /Дала хьайн къоме, хй Мухьаммад/: Оха элира: 'ХӀай‚ Āдам‚ вāха хьо а‚ хьан зуда а /ялсаманин/ бешахь‚ даа цу чохь долчух ма-дезза шайна луъург. Амма шу герга ма гӀолаш хӀокху диттана – /додахь/, шуь-шиъ хир ду зулам диначарах'

    2:35
  7. فَأَزَلَّهُمَا الشَّيْطَانُ عَنْهَا فَأَخْرَجَهُمَا مِمَّا كَانَا فِيهِ ۖ وَقُلْنَا اهْبِطُوا بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ ۖ وَلَكُمْ فِي الْأَرْضِ مُسْتَقَرٌّ وَمَتَاعٌ إِلَىٰ حِينٍ

    Галабаьхира шайтно и шиъ цуьнца (диттаца – марздира царна и стом кхалла). ТӀаккха Цо и шиъ арадаьккхира шаьш хиллачуьра (ялсаманера). Оха элира /Āдаме а, Хьавага а, Иблисе а/: 'Охьадисса /лаьтта т/‚ вовшийн мостагӀий а долчу хьолехь. Шуна лаьттахь хир ю дахаран меттиг а‚ цхьа хан тӀекхаччалц бахам а'

    2:36
  8. فَتَلَقَّىٰ آدَمُ مِنْ رَبِّهِ كَلِمَاتٍ فَتَابَ عَلَيْهِ ۚ إِنَّهُ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ

    Āдама Ӏамийра ша Кхиош-кхобучуьнан дешнаш‚ Цо (Дала) цуьнан тōба къобалдира. Баккъалла а‚ Иза ву /ттт/ тōба къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а

    2:37
  9. قُلْنَا اهْبِطُوا مِنْهَا جَمِيعًا ۖ فَإِمَّا يَأْتِيَنَّكُمْ مِنِّي هُدًى فَمَنْ تَبِعَ هُدَايَ فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Оха (Дала) элира: 'Чудисса цигара (ялсаманера) массо а. Нагахь шуьга Сан нийсонан некъ кхачахь (и кхача а кхочур бу), цунна тьхьабаьзначарна кхерам а хир бац (шайна дуьхьалкхетар долчу эхартан гллакхех), уьш сингаттаме а хир бац (дуьненахь шайх дтилна дисина гллакхаш бахьанехь, Дала шайна мела цабаларна кхоьруш)

    2:38
  10. وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдина берш а – уьш ма бу /жоьжахатин/ цӀеран дай‚ уьш цу чохь гуттаренна а буьсур ма бу'

    2:39

Гочдар: Магомед Магомедов