Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 31 – 33
-
وَعَلَّمَ آدَمَ الْأَسْمَاءَ كُلَّهَا ثُمَّ عَرَضَهُمْ عَلَى الْمَلَائِكَةِ فَقَالَ أَنْبِئُونِي بِأَسْمَاءِ هَٰؤُلَاءِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Цо Ӏамийра Āдамна массо а хӀуманийн цӀерш‚ тӀаккха уьш маликашна а гайтина‚ элира: 'Йийца Суна церан цӀерш‚ шаьш делахь бакълуьйш'
2:31 -
قَالُوا سُبْحَانَكَ لَا عِلْمَ لَنَا إِلَّا مَا عَلَّمْتَنَا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ
Цара элира: 'Массо а вочух цӀена ву Хьо. Тхоьгахь ма дац Ахь тхайна мийна долу лма бен. Хьо ву-кх хууш верг а‚ хьекъале верг а'
2:32 -
قَالَ يَا آدَمُ أَنْبِئْهُمْ بِأَسْمَائِهِمْ ۖ فَلَمَّا أَنْبَأَهُمْ بِأَسْمَائِهِمْ قَالَ أَلَمْ أَقُلْ لَكُمْ إِنِّي أَعْلَمُ غَيْبَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَأَعْلَمُ مَا تُبْدُونَ وَمَا كُنْتُمْ تَكْتُمُونَ
/Дала/ элира: 'ХӀай Āдам‚ ахь йийцал цаьрга церан цӀерш'. ТӀаккха цо цаьрга церан цӀерш йийцича‚ элира /Дала/: 'Ас шуьга ца аьллера ткъа: Со хууш ву стигланийн а‚ лаьттан а къайле‚ Со хууш ву аш гучудоккхуш дерг а‚ аш хьулдеш хилларг а?'
2:33
Гочдар: Магомед Магомедов