Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 35 – 38
-
وَقُلْنَا يَا آدَمُ اسْكُنْ أَنْتَ وَزَوْجُكَ الْجَنَّةَ وَكُلَا مِنْهَا رَغَدًا حَيْثُ شِئْتُمَا وَلَا تَقْرَبَا هَٰذِهِ الشَّجَرَةَ فَتَكُونَا مِنَ الظَّالِمِينَ
/Дала хьайн къоме, хй Мухьаммад/: Оха элира: 'ХӀай‚ Āдам‚ вāха хьо а‚ хьан зуда а /ялсаманин/ бешахь‚ даа цу чохь долчух ма-дезза шайна луъург. Амма шу герга ма гӀолаш хӀокху диттана – /додахь/, шуь-шиъ хир ду зулам диначарах'
2:35 -
فَأَزَلَّهُمَا الشَّيْطَانُ عَنْهَا فَأَخْرَجَهُمَا مِمَّا كَانَا فِيهِ ۖ وَقُلْنَا اهْبِطُوا بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ ۖ وَلَكُمْ فِي الْأَرْضِ مُسْتَقَرٌّ وَمَتَاعٌ إِلَىٰ حِينٍ
Галабаьхира шайтно и шиъ цуьнца (диттаца – марздира царна и стом кхалла). ТӀаккха Цо и шиъ арадаьккхира шаьш хиллачуьра (ялсаманера). Оха элира /Āдаме а, Хьавага а, Иблисе а/: 'Охьадисса /лаьтта т/‚ вовшийн мостагӀий а долчу хьолехь. Шуна лаьттахь хир ю дахаран меттиг а‚ цхьа хан тӀекхаччалц бахам а'
2:36 -
فَتَلَقَّىٰ آدَمُ مِنْ رَبِّهِ كَلِمَاتٍ فَتَابَ عَلَيْهِ ۚ إِنَّهُ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
Āдама Ӏамийра ша Кхиош-кхобучуьнан дешнаш‚ Цо (Дала) цуьнан тōба къобалдира. Баккъалла а‚ Иза ву /ттт/ тōба къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а
2:37 -
قُلْنَا اهْبِطُوا مِنْهَا جَمِيعًا ۖ فَإِمَّا يَأْتِيَنَّكُمْ مِنِّي هُدًى فَمَنْ تَبِعَ هُدَايَ فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Оха (Дала) элира: 'Чудисса цигара (ялсаманера) массо а. Нагахь шуьга Сан нийсонан некъ кхачахь (и кхача а кхочур бу), цунна тьхьабаьзначарна кхерам а хир бац (шайна дуьхьалкхетар долчу эхартан гллакхех), уьш сингаттаме а хир бац (дуьненахь шайх дтилна дисина гллакхаш бахьанехь, Дала шайна мела цабаларна кхоьруш)
2:38
Гочдар: Магомед Магомедов