Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 36 – 38

  1. فَأَزَلَّهُمَا الشَّيْطَانُ عَنْهَا فَأَخْرَجَهُمَا مِمَّا كَانَا فِيهِ ۖ وَقُلْنَا اهْبِطُوا بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ ۖ وَلَكُمْ فِي الْأَرْضِ مُسْتَقَرٌّ وَمَتَاعٌ إِلَىٰ حِينٍ

    Галабаьхира шайтно и шиъ цуьнца (диттаца – марздира царна и стом кхалла). ТӀаккха Цо и шиъ арадаьккхира шаьш хиллачуьра (ялсаманера). Оха элира /Āдаме а, Хьавага а, Иблисе а/: 'Охьадисса /лаьтта т/‚ вовшийн мостагӀий а долчу хьолехь. Шуна лаьттахь хир ю дахаран меттиг а‚ цхьа хан тӀекхаччалц бахам а'

    2:36
  2. فَتَلَقَّىٰ آدَمُ مِنْ رَبِّهِ كَلِمَاتٍ فَتَابَ عَلَيْهِ ۚ إِنَّهُ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ

    Āдама Ӏамийра ша Кхиош-кхобучуьнан дешнаш‚ Цо (Дала) цуьнан тōба къобалдира. Баккъалла а‚ Иза ву /ттт/ тōба къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а

    2:37
  3. قُلْنَا اهْبِطُوا مِنْهَا جَمِيعًا ۖ فَإِمَّا يَأْتِيَنَّكُمْ مِنِّي هُدًى فَمَنْ تَبِعَ هُدَايَ فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Оха (Дала) элира: 'Чудисса цигара (ялсаманера) массо а. Нагахь шуьга Сан нийсонан некъ кхачахь (и кхача а кхочур бу), цунна тьхьабаьзначарна кхерам а хир бац (шайна дуьхьалкхетар долчу эхартан гллакхех), уьш сингаттаме а хир бац (дуьненахь шайх дтилна дисина гллакхаш бахьанехь, Дала шайна мела цабаларна кхоьруш)

    2:38

Гочдар: Магомед Магомедов