Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 40 – 46

  1. يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اذْكُرُوا نِعْمَتِيَ الَّتِي أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَوْفُوا بِعَهْدِي أُوفِ بِعَهْدِكُمْ وَإِيَّايَ فَارْهَبُونِ

    ХӀай‚ Исраилан кӀентий‚ Аш дагадаийта Сан ниӀмат‚ Ас шайна делла хилла долу‚ аш кхочушъе Соьца /шаьш Суна а бен бадат дийр дац, аьлла/ хилла ваӀда‚ Ас кхочушйийр ю шуьца /Айса шуна хаза мела лур бу, аьлла/ хилла ваӀда‚ Сох цхьаннах кхералаш

    2:40
  2. وَآمِنُوا بِمَا أَنْزَلْتُ مُصَدِّقًا لِمَا مَعَكُمْ وَلَا تَكُونُوا أَوَّلَ كَافِرٍ بِهِ ۖ وَلَا تَشْتَرُوا بِآيَاتِي ثَمَنًا قَلِيلًا وَإِيَّايَ فَاتَّقُونِ

    Шу тешалаш Ас охьадоссийначух (Къуръанах)‚ шуьгахь долчуьнца (Тавратаца) нийса догӀуш а долчу‚ – шу ма хила цунах хьалхара цатешарш. Сан аятех кӀеззиг болу мах ма эца‚ Сох кхералаш

    2:41
  3. وَلَا تَلْبِسُوا الْحَقَّ بِالْبَاطِلِ وَتَكْتُمُوا الْحَقَّ وَأَنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Ма иэде аш бакъдерг харц долчуьнца‚ бакъдерг хьул ма де‚ шайна хуьушехь (Таврата чохь долу Мухьаммадан сибат)

    2:42
  4. وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَارْكَعُوا مَعَ الرَّاكِعِينَ

    Ламаз хӀоттаде‚ ло закат‚ сужудане гӀо сужуд дечаьрца

    2:43
  5. أَتَأْمُرُونَ النَّاسَ بِالْبِرِّ وَتَنْسَوْنَ أَنْفُسَكُمْ وَأَنْتُمْ تَتْلُونَ الْكِتَابَ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ

    Аш хьоьху нахана диканиг? Ткъа дицдеш ма ду шайн догаш! Шу ма ду жайна (Таврат) доьшуш – шу хьекъале ца хуьлу?

    2:44
  6. وَاسْتَعِينُوا بِالصَّبْرِ وَالصَّلَاةِ ۚ وَإِنَّهَا لَكَبِيرَةٌ إِلَّا عَلَى الْخَاشِعِينَ

    Аш гӀо лаха собарца а‚ ламазца а. Баккъалла а, иза деза (хала) ма ду/Делах/чг кхоьруш берш боцучарна. (Иза кхочушдалур долуш дац /Далла/ муьтӀахь болчаьрга бен)

    2:45
  7. الَّذِينَ يَظُنُّونَ أَنَّهُمْ مُلَاقُو رَبِّهِمْ وَأَنَّهُمْ إِلَيْهِ رَاجِعُونَ

    Уьш бу шаьш шайн Кхиош-кхобуш волчунна дуьхьалкхетарг хиларх а‚ шаьш Цунна тӀе дӀадоьрзург хиларх а тешаш

    2:46

Гочдар: Магомед Магомедов