Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 47 – 50

  1. يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اذْكُرُوا نِعْمَتِيَ الَّتِي أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَنِّي فَضَّلْتُكُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ

    ХIай Исраилан кIентий! Аш /Суна шукур дарца/ дагадаийта Сан ниIмат, Ас шуна делла хилла долу, – Ас шу даздина хилар Iаламал (шух элчанаш бахкийтарца, жайнаш диссорца)

    2:47
  2. وَاتَّقُوا يَوْمًا لَا تَجْزِي نَفْسٌ عَنْ نَفْسٍ شَيْئًا وَلَا يُقْبَلُ مِنْهَا شَفَاعَةٌ وَلَا يُؤْخَذُ مِنْهَا عَدْلٌ وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ

    Шу кхера дийнах‚ сино синна пайда бийр боцчу, цуьнгара гIо къобалдийр доцчу, цуьнгара мах оьцур боцчу, шайна /Делан Iазапах/ гIо хир доцчу

    2:48
  3. وَإِذْ نَجَّيْنَاكُمْ مِنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوءَ الْعَذَابِ يُذَبِّحُونَ أَبْنَاءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَاءَكُمْ ۚ وَفِي ذَٰلِكُمْ بَلَاءٌ مِنْ رَبِّكُمْ عَظِيمٌ

    Дагадайта /хIай Исраилан кIентий/! Оха кIелхьардехира шу ФирIавнан нахах: вон Iазап шуна тIехь хIоттадора цара‚ бойура шун кIентий‚ дийна буьтура шун зударий – цу чохь шун сийлахь-веза волчу Кхиош-кхобучо зер ма ду

    2:49
  4. وَإِذْ فَرَقْنَا بِكُمُ الْبَحْرَ فَأَنْجَيْنَاكُمْ وَأَغْرَقْنَا آلَ فِرْعَوْنَ وَأَنْتُمْ تَنْظُرُونَ

    Оха шуна хIорд бийкъира – шу клхьарадехира‚ ФирIавнан нах буха бахийтира‚ шу хьоьжуш доллушехь

    2:50

Гочдар: Магомед Магомедов