Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 47 – 59

  1. يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اذْكُرُوا نِعْمَتِيَ الَّتِي أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَنِّي فَضَّلْتُكُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ

    ХӀай Исраилан кӀентий! Аш /Суна шукур дарца/ дагадаийта Сан ниӀмат, Ас шуна делла хилла долу, – Ас шу даздина хилар Ӏаламал (шух элчанаш бахкийтарца, жайнаш диссорца)

    2:47
  2. وَاتَّقُوا يَوْمًا لَا تَجْزِي نَفْسٌ عَنْ نَفْسٍ شَيْئًا وَلَا يُقْبَلُ مِنْهَا شَفَاعَةٌ وَلَا يُؤْخَذُ مِنْهَا عَدْلٌ وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ

    Шу кхера дийнах‚ сино синна пайда бийр боцчу, цуьнгара гӀо къобалдийр доцчу, цуьнгара мах оьцур боцчу, шайна /Делан Ӏазапах/ гӀо хир доцчу

    2:48
  3. وَإِذْ نَجَّيْنَاكُمْ مِنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوءَ الْعَذَابِ يُذَبِّحُونَ أَبْنَاءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَاءَكُمْ ۚ وَفِي ذَٰلِكُمْ بَلَاءٌ مِنْ رَبِّكُمْ عَظِيمٌ

    Дагадайта /хӀай Исраилан кӀентий/! Оха кӀелхьардехира шу ФирӀавнан нахах: вон Ӏазап шуна тӀехь хӀоттадора цара‚ бойура шун кӀентий‚ дийна буьтура шун зударий – цу чохь шун сийлахь-веза волчу Кхиош-кхобучо зер ма ду

    2:49
  4. وَإِذْ فَرَقْنَا بِكُمُ الْبَحْرَ فَأَنْجَيْنَاكُمْ وَأَغْرَقْنَا آلَ فِرْعَوْنَ وَأَنْتُمْ تَنْظُرُونَ

    Оха шуна хӀорд бийкъира – шу клхьарадехира‚ ФирӀавнан нах буха бахийтира‚ шу хьоьжуш доллушехь

    2:50
  5. وَإِذْ وَاعَدْنَا مُوسَىٰ أَرْبَعِينَ لَيْلَةً ثُمَّ اتَّخَذْتُمُ الْعِجْلَ مِنْ بَعْدِهِ وَأَنْتُمْ ظَالِمُونَ

    Оха Мусаца шовзткъа де-буьйса хан билгалъяьккхира (цуьнга Таврат дала)‚ тӀаккха цул тьхьа шу эсанна бадат дан дуьйладелира, иштта шух зуламхой хилира

    2:51
  6. ثُمَّ عَفَوْنَا عَنْكُمْ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    ТӀаккха цул тӀаьхьа а Оха гечдира шуна‚ шу баркалле хир дацара техьа, аьлла

    2:52
  7. وَإِذْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَالْفُرْقَانَ لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ

    Дагадаийта! Оха делира Мусага жайна, бакъдерг харцдолчух а, хьанал дерг хьарам долчух а къастош долу‚ шу нислур дацара техьа, аьлла

    2:53
  8. وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ إِنَّكُمْ ظَلَمْتُمْ أَنْفُسَكُمْ بِاتِّخَاذِكُمُ الْعِجْلَ فَتُوبُوا إِلَىٰ بَارِئِكُمْ فَاقْتُلُوا أَنْفُسَكُمْ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ عِنْدَ بَارِئِكُمْ فَتَابَ عَلَيْكُمْ ۚ إِنَّهُ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ

    Мусас аьллера шен къоме: 'ХӀай сан къам‚ аш шайна зулам дина‚ шаьш эсанна бадат дарца. Тōбанаш де шаьш Кхоьллинчуьнга‚ тӀаккха шаьш-шайн дайа. И дика ду шуна шу Кхоьллинчунна (Далла) гергахь. ТӀаккха Цо шун тōбанаш къобалдира. Баккъалла а, И ма ву /ттт/ тōбанаш къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а

    2:54
  9. وَإِذْ قُلْتُمْ يَا مُوسَىٰ لَنْ نُؤْمِنَ لَكَ حَتَّىٰ نَرَى اللَّهَ جَهْرَةً فَأَخَذَتْكُمُ الصَّاعِقَةُ وَأَنْتُمْ تَنْظُرُونَ

    Аш ма элира: 'ХӀай Муса‚ тхо тешар ма дац хьох‚ и Дела тхайна къаьстташ ца гахь'. ТӀаккха шу лецира ткъесо (стелахаьштиго шу дайира) ‚ шу хьоьжуш лаьтташехь

    2:55
  10. ثُمَّ بَعَثْنَاكُمْ مِنْ بَعْدِ مَوْتِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    ТӀаккха Оха дендира шу /цхьана дийнахь-буса/ делла лаьттинчул тӀаьхьа – шу баркалле хир дацара техьа аьлла

    2:56
  11. وَظَلَّلْنَا عَلَيْكُمُ الْغَمَامَ وَأَنْزَلْنَا عَلَيْكُمُ الْمَنَّ وَالسَّلْوَىٰ ۖ كُلُوا مِنْ طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ ۖ وَمَا ظَلَمُونَا وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Оха шуна тӀехула марха хӀоттийра /шу маьлхан йовхонах лардеш/‚ даийтира шуна манна а‚ салва а. Даа Оха шайна деллачу рицкъанах цӀенадерг (хьаналдерг). Тхуна зулам-м ца дира цара‚ амма уьш хилира шайна зулам деш-м

    2:57
  12. وَإِذْ قُلْنَا ادْخُلُوا هَٰذِهِ الْقَرْيَةَ فَكُلُوا مِنْهَا حَيْثُ شِئْتُمْ رَغَدًا وَادْخُلُوا الْبَابَ سُجَّدًا وَقُولُوا حِطَّةٌ نَغْفِرْ لَكُمْ خَطَايَاكُمْ ۚ وَسَنَزِيدُ الْمُحْسِنِينَ

    Дагадаийта! Оха элира: 'ЧугӀо цу шахьара‚ даа цу чуьра шайна луьург шортта. Кевнехула чоьхьадовла, сужуд а деш. Аш āла: 'Гечде тхуна!' – Оха гечдийр ду шун гӀалаташна‚ тӀаккха алсамбохур бу диканиг деш берш

    2:58
  13. فَبَدَّلَ الَّذِينَ ظَلَمُوا قَوْلًا غَيْرَ الَّذِي قِيلَ لَهُمْ فَأَنْزَلْنَا عَلَى الَّذِينَ ظَلَمُوا رِجْزًا مِنَ السَّمَاءِ بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ

    Зуламхоша хийцира шайга аьлла долу дош аьлла доцчуьнца‚ тӀаккха зуламхошна Оха стиглара рижс доссийра‚ уьш песакъ хиларна

    2:59

Гочдар: Магомед Магомедов