Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 53 – 56

  1. وَإِذْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَالْفُرْقَانَ لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ

    Дагадаийта! Оха делира Мусага жайна, бакъдерг харцдолчух а, хьанал дерг хьарам долчух а къастош долу‚ шу нислур дацара техьа, аьлла

    2:53
  2. وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ إِنَّكُمْ ظَلَمْتُمْ أَنْفُسَكُمْ بِاتِّخَاذِكُمُ الْعِجْلَ فَتُوبُوا إِلَىٰ بَارِئِكُمْ فَاقْتُلُوا أَنْفُسَكُمْ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ عِنْدَ بَارِئِكُمْ فَتَابَ عَلَيْكُمْ ۚ إِنَّهُ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ

    Мусас аьллера шен къоме: 'ХӀай сан къам‚ аш шайна зулам дина‚ шаьш эсанна бадат дарца. Тōбанаш де шаьш Кхоьллинчуьнга‚ тӀаккха шаьш-шайн дайа. И дика ду шуна шу Кхоьллинчунна (Далла) гергахь. ТӀаккха Цо шун тōбанаш къобалдира. Баккъалла а, И ма ву /ттт/ тōбанаш къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а

    2:54
  3. وَإِذْ قُلْتُمْ يَا مُوسَىٰ لَنْ نُؤْمِنَ لَكَ حَتَّىٰ نَرَى اللَّهَ جَهْرَةً فَأَخَذَتْكُمُ الصَّاعِقَةُ وَأَنْتُمْ تَنْظُرُونَ

    Аш ма элира: 'ХӀай Муса‚ тхо тешар ма дац хьох‚ и Дела тхайна къаьстташ ца гахь'. ТӀаккха шу лецира ткъесо (стелахаьштиго шу дайира) ‚ шу хьоьжуш лаьтташехь

    2:55
  4. ثُمَّ بَعَثْنَاكُمْ مِنْ بَعْدِ مَوْتِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    ТӀаккха Оха дендира шу /цхьана дийнахь-буса/ делла лаьттинчул тӀаьхьа – шу баркалле хир дацара техьа аьлла

    2:56

Гочдар: Магомед Магомедов