Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 55 – 56
-
وَإِذْ قُلْتُمْ يَا مُوسَىٰ لَنْ نُؤْمِنَ لَكَ حَتَّىٰ نَرَى اللَّهَ جَهْرَةً فَأَخَذَتْكُمُ الصَّاعِقَةُ وَأَنْتُمْ تَنْظُرُونَ
Аш ма элира: 'ХӀай Муса‚ тхо тешар ма дац хьох‚ и Дела тхайна къаьстташ ца гахь'. ТӀаккха шу лецира ткъесо (стелахаьштиго шу дайира) ‚ шу хьоьжуш лаьтташехь
2:55 -
ثُمَّ بَعَثْنَاكُمْ مِنْ بَعْدِ مَوْتِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
ТӀаккха Оха дендира шу /цхьана дийнахь-буса/ делла лаьттинчул тӀаьхьа – шу баркалле хир дацара техьа аьлла
2:56
Гочдар: Магомед Магомедов