Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 60 – 61
-
وَإِذِ اسْتَسْقَىٰ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ فَقُلْنَا اضْرِبْ بِعَصَاكَ الْحَجَرَ ۖ فَانْفَجَرَتْ مِنْهُ اثْنَتَا عَشْرَةَ عَيْنًا ۖ قَدْ عَلِمَ كُلُّ أُنَاسٍ مَشْرَبَهُمْ ۖ كُلُوا وَاشْرَبُوا مِنْ رِزْقِ اللَّهِ وَلَا تَعْثَوْا فِي الْأَرْضِ مُفْسِدِينَ
Дагадаийта! Мусас ма дийхира /Деле/ шен къомана мала хи / уьш, хьагбелла, “Тихолучу боьрахь болуш/. ТӀаккха Оха элира: 'ДӀатоха хьайн Ӏаса тӀулгах'. ТӀаккха цунах делира шийтта хьоста. Берриге а нахана евзира шайн-шайн хи молу меттиг. Даа а даа‚ мала а мала Делан рицкъанах – ма де лаьтта тӀехь вониг, боьханиг даржош
2:60 -
وَإِذْ قُلْتُمْ يَا مُوسَىٰ لَنْ نَصْبِرَ عَلَىٰ طَعَامٍ وَاحِدٍ فَادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُخْرِجْ لَنَا مِمَّا تُنْبِتُ الْأَرْضُ مِنْ بَقْلِهَا وَقِثَّائِهَا وَفُومِهَا وَعَدَسِهَا وَبَصَلِهَا ۖ قَالَ أَتَسْتَبْدِلُونَ الَّذِي هُوَ أَدْنَىٰ بِالَّذِي هُوَ خَيْرٌ ۚ اهْبِطُوا مِصْرًا فَإِنَّ لَكُمْ مَا سَأَلْتُمْ ۗ وَضُرِبَتْ عَلَيْهِمُ الذِّلَّةُ وَالْمَسْكَنَةُ وَبَاءُوا بِغَضَبٍ مِنَ اللَّهِ ۗ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَانُوا يَكْفُرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَيَقْتُلُونَ النَّبِيِّينَ بِغَيْرِ الْحَقِّ ۗ ذَٰلِكَ بِمَا عَصَوْا وَكَانُوا يَعْتَدُونَ
Аш аьллера: 'ХӀай Муса‚ оха тоам бийр ма бац цхьана тайпана даарх. Хьайн Кхиош-кхобучуьнга деха‚ Цо йолийтуьйла тхуна лаьтта тӀехь кхуьуш болчу хасстоьмех‚ ехачу наьрсех‚ саьрмасекхех‚ хьозийн кхоьэх‚ хохех цхьацца хӀума. Цо элира: 'Ткъа аш хуьйцу диканиг /цул/ лахарчух? Охьадисса Мисра‚ шуна хир ду аш дехнарг'. Царна тӀетуьйхира сий дайар а‚ мискалла а‚ Делера оьгӀазло хилира царна. Иза – уьш Делан аятех ца тешаш хиларна а‚ нийса доцуш пайхамарш бойуш хиларна а ду. Иза – цара дуьхьало ярна а‚ уьш дозанах бовлуш хиларна а ду
2:61
Гочдар: Магомед Магомедов