Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 62 – 71
-
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَالَّذِينَ هَادُوا وَالنَّصَارَىٰ وَالصَّابِئِينَ مَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَعَمِلَ صَالِحًا فَلَهُمْ أَجْرُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Баккъалла а, /Мухьаммадна тӀаьхьахттина/ ийман диллинарш а‚ /Мусана тӀаьахьахттина хилла /жуьгтий а, /Ӏийсана таьахьахттина хилла/ насараш а‚ сабиаш а – /царах/ Делах а, тьххьарчу дийнах а тешаш берш а, дика мал йинарш а – царна шайн ял хир ю шайн Кхиош-кхобучун гергахь, кхерам а хир ма бац царна /эхартан таарх/, уьш сингаттаме а хир ма бац /мела цахиларх кхоьруш/
2:62 -
وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَكُمْ وَرَفَعْنَا فَوْقَكُمُ الطُّورَ خُذُوا مَا آتَيْنَاكُمْ بِقُوَّةٍ وَاذْكُرُوا مَا فِيهِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
Дагадайта! Оха шуьга чӀагӀо яйтира, шуна тӀехула лам хттийна. Чг схьалаца Оха шайна делларг‚ цу чохь дерг а дагадайта шу хир дацара-те /дуьненахь хллакхиларх а, эхартахь заб хиларх а/ кхоьруш
2:63 -
ثُمَّ تَوَلَّيْتُمْ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ ۖ فَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ لَكُنْتُمْ مِنَ الْخَاسِرِينَ
ТӀаккха‚ цул тӀаьхьа‚ шу юхадевлира /Тавратаца Ӏамал ярах/. Делан дозалла а‚ Цуьнан къинхетам а шуна ца хиллехьара – шу хилла хир дара эшначарех (шу хӀаллакхир дара)
2:64 -
وَلَقَدْ عَلِمْتُمُ الَّذِينَ اعْتَدَوْا مِنْكُمْ فِي السَّبْتِ فَقُلْنَا لَهُمْ كُونُوا قِرَدَةً خَاسِئِينَ
Шуна бевзира шайх шотдийнан бакъо талхийнарш. Оха цаьрга элира: 'Хила шух сийсаздина маймалаш!'
2:65 -
فَجَعَلْنَاهَا نَكَالًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهَا وَمَا خَلْفَهَا وَمَوْعِظَةً لِلْمُتَّقِينَ
Оха иза хилийтира цу заманна а‚ тӀаьхьа йогӀур йолчу заманна а масална а‚ /Делах/ кхоьру-чарна кхетамна а
2:66 -
وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ إِنَّ اللَّهَ يَأْمُرُكُمْ أَنْ تَذْبَحُوا بَقَرَةً ۖ قَالُوا أَتَتَّخِذُنَا هُزُوًا ۖ قَالَ أَعُوذُ بِاللَّهِ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْجَاهِلِينَ
Дагадаийта! Мусас аьллера шен къоме: 'Баккъалла а, Дала омра до шуьга аттана урс хьакха‚ аьлла'. Цара элира: 'Ахь хьийзор дара тхо?' Цо (Мусас) элира: 'Дала ларвойла со жехӀал нахах хиларх'
2:67 -
قَالُوا ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّنْ لَنَا مَا هِيَ ۚ قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ لَا فَارِضٌ وَلَا بِكْرٌ عَوَانٌ بَيْنَ ذَٰلِكَ ۖ فَافْعَلُوا مَا تُؤْمَرُونَ
Цара элира: 'Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалбе тхуна и хӀун етт бу‚ āлий'. Цо элира: 'Цо (Дала) боху: 'И етт бу‚ къена а боцуш‚ жима а боцуш‚ юккъера. Шайга бохург кхочушде'
2:68 -
قَالُوا ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّنْ لَنَا مَا لَوْنُهَا ۚ قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ صَفْرَاءُ فَاقِعٌ لَوْنُهَا تَسُرُّ النَّاظِرِينَ
Цара элира: 'Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ бос хӀун бу цуьнан‚ āлий'. Цо элира: 'Цо боху: 'И етт бу‚ сирла-можачу басахь‚ шега хьоьжурш чӀогӀа цецбохуш'
2:69 -
قَالُوا ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّنْ لَنَا مَا هِيَ إِنَّ الْبَقَرَ تَشَابَهَ عَلَيْنَا وَإِنَّا إِنْ شَاءَ اللَّهُ لَمُهْتَدُونَ
Цара элира: 'Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ и муха бу‚ āлий. Бежнаш дерриге а вовшех тера ду тхуна. Тхо‚ Далла лаахь‚ дӀанислур долуш ду'
2:70 -
قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ لَا ذَلُولٌ تُثِيرُ الْأَرْضَ وَلَا تَسْقِي الْحَرْثَ مُسَلَّمَةٌ لَا شِيَةَ فِيهَا ۚ قَالُوا الْآنَ جِئْتَ بِالْحَقِّ ۚ فَذَبَحُوهَا وَمَا كَادُوا يَفْعَلُونَ
Цо элира: 'Цо (Дала) боху: 'И етт бу охана дан я ялтанан аренна хи дилла Ӏамийна а боцуш, айпех цӀена а болуш. ЧӀама боцуш а бу иза'. Цара элира: 'ХӀинца деана ахь бакъдерг'. ТӀаккха цара цунна урс хьаькхира‚ шаьш герга хиллехь а /и/ ца дан
2:71
Гочдар: Магомед Магомедов