Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 67 – 71

  1. وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ إِنَّ اللَّهَ يَأْمُرُكُمْ أَنْ تَذْبَحُوا بَقَرَةً ۖ قَالُوا أَتَتَّخِذُنَا هُزُوًا ۖ قَالَ أَعُوذُ بِاللَّهِ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْجَاهِلِينَ

    Дагадаийта! Мусас аьллера шен къоме: 'Баккъалла а, Дала омра до шуьга аттана урс хьакха‚ аьлла'. Цара элира: 'Ахь хьийзор дара тхо?' Цо (Мусас) элира: 'Дала ларвойла со жехIал нахах хиларх'

    2:67
  2. قَالُوا ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّنْ لَنَا مَا هِيَ ۚ قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ لَا فَارِضٌ وَلَا بِكْرٌ عَوَانٌ بَيْنَ ذَٰلِكَ ۖ فَافْعَلُوا مَا تُؤْمَرُونَ

    Цара элира: 'Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалбе тхуна и хIун етт бу‚ āлий'. Цо элира: 'Цо (Дала) боху: 'И етт бу‚ къена а боцуш‚ жима а боцуш‚ юккъера. Шайга бохург кхочушде'

    2:68
  3. قَالُوا ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّنْ لَنَا مَا لَوْنُهَا ۚ قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ صَفْرَاءُ فَاقِعٌ لَوْنُهَا تَسُرُّ النَّاظِرِينَ

    Цара элира: 'Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ бос хIун бу цуьнан‚ āлий'. Цо элира: 'Цо боху: 'И етт бу‚ сирла-можачу басахь‚ шега хьоьжурш чIогIа цецбохуш'

    2:69
  4. قَالُوا ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّنْ لَنَا مَا هِيَ إِنَّ الْبَقَرَ تَشَابَهَ عَلَيْنَا وَإِنَّا إِنْ شَاءَ اللَّهُ لَمُهْتَدُونَ

    Цара элира: 'Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ и муха бу‚ āлий. Бежнаш дерриге а вовшех тера ду тхуна. Тхо‚ Далла лаахь‚ дIанислур долуш ду'

    2:70
  5. قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ لَا ذَلُولٌ تُثِيرُ الْأَرْضَ وَلَا تَسْقِي الْحَرْثَ مُسَلَّمَةٌ لَا شِيَةَ فِيهَا ۚ قَالُوا الْآنَ جِئْتَ بِالْحَقِّ ۚ فَذَبَحُوهَا وَمَا كَادُوا يَفْعَلُونَ

    Цо элира: 'Цо (Дала) боху: 'И етт бу охана дан я ялтанан аренна хи дилла Iамийна а боцуш, айпех цIена а болуш. ЧIама боцуш а бу иза'. Цара элира: 'ХIинца деана ахь бакъдерг'. ТIаккха цара цунна урс хьаькхира‚ шаьш герга хиллехь а /и/ ца дан

    2:71

Гочдар: Магомед Магомедов