Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 67 – 73

  1. وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ إِنَّ اللَّهَ يَأْمُرُكُمْ أَنْ تَذْبَحُوا بَقَرَةً ۖ قَالُوا أَتَتَّخِذُنَا هُزُوًا ۖ قَالَ أَعُوذُ بِاللَّهِ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْجَاهِلِينَ

    Дагадаийта! Мусас аьллера шен къоме: 'Баккъалла а, Дала омра до шуьга аттана урс хьакха‚ аьлла'. Цара элира: 'Ахь хьийзор дара тхо?' Цо (Мусас) элира: 'Дала ларвойла со жехӀал нахах хиларх'

    2:67
  2. قَالُوا ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّنْ لَنَا مَا هِيَ ۚ قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ لَا فَارِضٌ وَلَا بِكْرٌ عَوَانٌ بَيْنَ ذَٰلِكَ ۖ فَافْعَلُوا مَا تُؤْمَرُونَ

    Цара элира: 'Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалбе тхуна и хӀун етт бу‚ āлий'. Цо элира: 'Цо (Дала) боху: 'И етт бу‚ къена а боцуш‚ жима а боцуш‚ юккъера. Шайга бохург кхочушде'

    2:68
  3. قَالُوا ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّنْ لَنَا مَا لَوْنُهَا ۚ قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ صَفْرَاءُ فَاقِعٌ لَوْنُهَا تَسُرُّ النَّاظِرِينَ

    Цара элира: 'Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ бос хӀун бу цуьнан‚ āлий'. Цо элира: 'Цо боху: 'И етт бу‚ сирла-можачу басахь‚ шега хьоьжурш чӀогӀа цецбохуш'

    2:69
  4. قَالُوا ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّنْ لَنَا مَا هِيَ إِنَّ الْبَقَرَ تَشَابَهَ عَلَيْنَا وَإِنَّا إِنْ شَاءَ اللَّهُ لَمُهْتَدُونَ

    Цара элира: 'Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ и муха бу‚ āлий. Бежнаш дерриге а вовшех тера ду тхуна. Тхо‚ Далла лаахь‚ дӀанислур долуш ду'

    2:70
  5. قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ لَا ذَلُولٌ تُثِيرُ الْأَرْضَ وَلَا تَسْقِي الْحَرْثَ مُسَلَّمَةٌ لَا شِيَةَ فِيهَا ۚ قَالُوا الْآنَ جِئْتَ بِالْحَقِّ ۚ فَذَبَحُوهَا وَمَا كَادُوا يَفْعَلُونَ

    Цо элира: 'Цо (Дала) боху: 'И етт бу охана дан я ялтанан аренна хи дилла Ӏамийна а боцуш, айпех цӀена а болуш. ЧӀама боцуш а бу иза'. Цара элира: 'ХӀинца деана ахь бакъдерг'. ТӀаккха цара цунна урс хьаькхира‚ шаьш герга хиллехь а /и/ ца дан

    2:71
  6. وَإِذْ قَتَلْتُمْ نَفْسًا فَادَّارَأْتُمْ فِيهَا ۖ وَاللَّهُ مُخْرِجٌ مَا كُنْتُمْ تَكْتُمُونَ

    Дагадаийта /хй Исраилан кнтий/: 'Аш са (адам) ма дийра. Цу тӀехь вовшашца девне девлира шу'. Дела ма ву гучудоккхург аш дӀахьулдеш дерг

    2:72
  7. فَقُلْنَا اضْرِبُوهُ بِبَعْضِهَا ۚ كَذَٰلِكَ يُحْيِي اللَّهُ الْمَوْتَىٰ وَيُرِيكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

    ТӀаккха Оха элира: 'Цу докъах тоха /аьттан/ цхьа меже'. Иштта денво Дала велларг‚ гойту шуна Шен Ӏаламаташ‚ шу хилийтархьама кхеташ

    2:73

Гочдар: Магомед Магомедов