Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 75 – 82

  1. أَفَتَطْمَعُونَ أَنْ يُؤْمِنُوا لَكُمْ وَقَدْ كَانَ فَرِيقٌ مِنْهُمْ يَسْمَعُونَ كَلَامَ اللَّهِ ثُمَّ يُحَرِّفُونَهُ مِنْ بَعْدِ مَا عَقَلُوهُ وَهُمْ يَعْلَمُونَ

    Шу дог дохуш ду /хӀай бусалбанаш/ уьш (жуьгтий) шайх тешаш хиларе? Хилла царах цхьаберш Делан дош хезаш‚ тӀаккха‚ шаьш цунах кхеттачул тӀаьхьа‚ и харцхьадоккхуш‚ шайна хуъушехь

    2:75
  2. وَإِذَا لَقُوا الَّذِينَ آمَنُوا قَالُوا آمَنَّا وَإِذَا خَلَا بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍ قَالُوا أَتُحَدِّثُونَهُمْ بِمَا فَتَحَ اللَّهُ عَلَيْكُمْ لِيُحَاجُّوكُمْ بِهِ عِنْدَ رَبِّكُمْ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ

    Шаьш ийман диллинчарна дуьхьалкхетча‚ цара олу: 'Ийман диллина ду тхо'‚– ткъа шаьш вовшашца бисча, олу: 'Аш цаьрга дуьйцур ду ткъа шайна Дала хаийтинарг цаьрга /бусулбанашка/ шайца шайн Далла гергахь долчуьнца къийсийта. Шу хӀунда ца хуьлу хьекъале?'

    2:76
  3. أَوَلَا يَعْلَمُونَ أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ

    Царна (жуьгташна) ца хаьа-те, и Дела цара хьулдийриг а, цара гучудоккхург а хууш вуйла?

    2:77
  4. وَمِنْهُمْ أُمِّيُّونَ لَا يَعْلَمُونَ الْكِتَابَ إِلَّا أَمَانِيَّ وَإِنْ هُمْ إِلَّا يَظُنُّونَ

    Царах бу бодане берш‚ шайна жайна (Таврат) ца хууш‚ беккъа беса сатийсамаш бен - уьш ма бац шайна хетарш деш бен

    2:78
  5. فَوَيْلٌ لِلَّذِينَ يَكْتُبُونَ الْكِتَابَ بِأَيْدِيهِمْ ثُمَّ يَقُولُونَ هَٰذَا مِنْ عِنْدِ اللَّهِ لِيَشْتَرُوا بِهِ ثَمَنًا قَلِيلًا ۖ فَوَيْلٌ لَهُمْ مِمَّا كَتَبَتْ أَيْدِيهِمْ وَوَيْلٌ لَهُمْ مِمَّا يَكْسِبُونَ

    Бала бу шайн куьйгашца жайна яздечарна‚ тӀаккха цара олу: 'ХӀара ду Делера'‚– шайна цунах пайдабоццу мах эцархьама. ТӀаккха бала бу царна шайн куьйгаша яздинчух‚ бала бу царна шаьш карадерзочух

    2:79
  6. وَقَالُوا لَنْ تَمَسَّنَا النَّارُ إِلَّا أَيَّامًا مَعْدُودَةً ۚ قُلْ أَتَّخَذْتُمْ عِنْدَ اللَّهِ عَهْدًا فَلَنْ يُخْلِفَ اللَّهُ عَهْدَهُ ۖ أَمْ تَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ

    Цара элира: 'Тхох кхетанне а кхетар яц /жоьжахатин/ цӀе‚ цхьа масийтта дийнахь бен'. Ахь āла /я Мухьаммад/: 'Делера ваӀда эцна аш? – Дала цкъа а ца йохайо Шен ваӀда – я шу Делах лаьцна дуьйцуш ду шайна цахуург?'

    2:80
  7. بَلَىٰ مَنْ كَسَبَ سَيِّئَةً وَأَحَاطَتْ بِهِ خَطِيئَتُهُ فَأُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Хъ, вониг динарш а, шайн глаташ шайх хьаьрчинарш а – уьш бу жоьжахатин дай, шаьш цу чохь гуттар хир болуш

    2:81
  8. وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Ткъа ийман диллинарш а‚ диканиг динарш а – уьш бу ялсаманин дай‚ шаьш цу чохь гуттар хир болуш

    2:82

Гочдар: Магомед Магомедов