Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 8 – 12

  1. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَقُولُ آمَنَّا بِاللَّهِ وَبِالْيَوْمِ الْآخِرِ وَمَا هُمْ بِمُؤْمِنِينَ

    Нахах бу цхьаберш‚ шаьш олуш: 'Тешна тхо Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а'- уьш ма бац тешаш

    2:8
  2. يُخَادِعُونَ اللَّهَ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَمَا يَخْدَعُونَ إِلَّا أَنْفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ

    Ӏехо гӀерта уьш Дела а‚ ийман диллинарш а‚ амма цара ца Ӏехабо шаьш бен‚ – /и/ ца хаало-кх царна

    2:9
  3. فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ فَزَادَهُمُ اللَّهُ مَرَضًا ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ بِمَا كَانُوا يَكْذِبُونَ

    Церан дегнашкахь цамгар ю‚ Дала алсамъяьккхи и кхин т а цамгарца‚ царна ма ду лазош долу Ӏазап‚ шаьш хиларна харцлуьйш

    2:10
  4. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ لَا تُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ قَالُوا إِنَّمَا نَحْنُ مُصْلِحُونَ

    Цаьрга аьлча: ' Ма леладе лаьтта тхь боьханиг', цара олу: 'Тхо-м диканиг лелош дерш ма ду!'

    2:11
  5. أَلَا إِنَّهُمْ هُمُ الْمُفْسِدُونَ وَلَٰكِنْ لَا يَشْعُرُونَ

    Уьш бац‚ ткъа‚ боьханиг лелош берш? Делахь а‚ хаа ца ло-кх царна

    2:12

Гочдар: Магомед Магомедов