Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 8 – 20

  1. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَقُولُ آمَنَّا بِاللَّهِ وَبِالْيَوْمِ الْآخِرِ وَمَا هُمْ بِمُؤْمِنِينَ

    Нахах бу цхьаберш‚ шаьш олуш: 'Тешна тхо Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а'- уьш ма бац тешаш

    2:8
  2. يُخَادِعُونَ اللَّهَ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَمَا يَخْدَعُونَ إِلَّا أَنْفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ

    Ӏехо гӀерта уьш Дела а‚ ийман диллинарш а‚ амма цара ца Ӏехабо шаьш бен‚ – /и/ ца хаало-кх царна

    2:9
  3. فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ فَزَادَهُمُ اللَّهُ مَرَضًا ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ بِمَا كَانُوا يَكْذِبُونَ

    Церан дегнашкахь цамгар ю‚ Дала алсамъяьккхи и кхин т а цамгарца‚ царна ма ду лазош долу Ӏазап‚ шаьш хиларна харцлуьйш

    2:10
  4. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ لَا تُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ قَالُوا إِنَّمَا نَحْنُ مُصْلِحُونَ

    Цаьрга аьлча: ' Ма леладе лаьтта тхь боьханиг', цара олу: 'Тхо-м диканиг лелош дерш ма ду!'

    2:11
  5. أَلَا إِنَّهُمْ هُمُ الْمُفْسِدُونَ وَلَٰكِنْ لَا يَشْعُرُونَ

    Уьш бац‚ ткъа‚ боьханиг лелош берш? Делахь а‚ хаа ца ло-кх царна

    2:12
  6. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ آمِنُوا كَمَا آمَنَ النَّاسُ قَالُوا أَنُؤْمِنُ كَمَا آمَنَ السُّفَهَاءُ ۗ أَلَا إِنَّهُمْ هُمُ السُّفَهَاءُ وَلَٰكِنْ لَا يَعْلَمُونَ

    Цаьрга аьлча: 'Тешийша‚ нах ма тешшар', цара олу: 'Тхо тешар ду ткъа‚ Ӏовдалш санна?' Баккъалла а, уьш бац ткъа‚ Ӏовдалш? Амма, ца хаьа-кх царна

    2:13
  7. وَإِذَا لَقُوا الَّذِينَ آمَنُوا قَالُوا آمَنَّا وَإِذَا خَلَوْا إِلَىٰ شَيَاطِينِهِمْ قَالُوا إِنَّا مَعَكُمْ إِنَّمَا نَحْنُ مُسْتَهْزِئُونَ

    Ийман диллинчарна дуьхьалкхетча‚ цара олу: 'Тхо ийман диллина ду.' Шайн шайтӀанашца цьанабисча‚ цара олу: 'Баккъалла а, тхо шуьца ма ду‚ тхо-м уьш (ийман диллинарш) хьийзош дарий'

    2:14
  8. اللَّهُ يَسْتَهْزِئُ بِهِمْ وَيَمُدُّهُمْ فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ

    Дала сийсаза бийр бу уьш, чгийр бу шайн тиларчохь д-схьа хьийзаш

    2:15
  9. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ اشْتَرَوُا الضَّلَالَةَ بِالْهُدَىٰ فَمَا رَبِحَتْ تِجَارَتُهُمْ وَمَا كَانُوا مُهْتَدِينَ

    Уьш бу нийсачу некъах тилар эцнарш‚ ма сắ ца хили-кх церан йохка-эцарх‚ уьш ца хили-кх нийсачу новкъахь

    2:16
  10. مَثَلُهُمْ كَمَثَلِ الَّذِي اسْتَوْقَدَ نَارًا فَلَمَّا أَضَاءَتْ مَا حَوْلَهُ ذَهَبَ اللَّهُ بِنُورِهِمْ وَتَرَكَهُمْ فِي ظُلُمَاتٍ لَا يُبْصِرُونَ

    Уьш тера бу‚ цӀе а латийна‚ тӀаккха цо шена гонаха дерг серладаьккхича‚ Дала шайн нур дӀа а даьхьна‚ боданехь бисинчарех‚ шайна хмма ца гуш

    2:17
  11. صُمٌّ بُكْمٌ عُمْيٌ فَهُمْ لَا يَرْجِعُونَ

    Къора а‚ мотт а ца хууш а‚ бӀаьрзе а хилла, уьш юха ца боьрзу-кх/нийсачу новкъа/

    2:18
  12. أَوْ كَصَيِّبٍ مِنَ السَّمَاءِ فِيهِ ظُلُمَاتٌ وَرَعْدٌ وَبَرْقٌ يَجْعَلُونَ أَصَابِعَهُمْ فِي آذَانِهِمْ مِنَ الصَّوَاعِقِ حَذَرَ الْمَوْتِ ۚ وَاللَّهُ مُحِيطٌ بِالْكَافِرِينَ

    Я стигларчу догӀанан марханах тера‚ шена чохь бода болуш‚ къовкъар долуш‚ ткъес тохар долуш – цара лергаш чу пӀелгаш дуьхку‚ ткъес кхетна баларх ларлуш. И Дела ма ву гоне лоцур болуш и ца тешаш берш

    2:19
  13. يَكَادُ الْبَرْقُ يَخْطَفُ أَبْصَارَهُمْ ۖ كُلَّمَا أَضَاءَ لَهُمْ مَشَوْا فِيهِ وَإِذَا أَظْلَمَ عَلَيْهِمْ قَامُوا ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَذَهَبَ بِسَمْعِهِمْ وَأَبْصَارِهِمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Ткъес герга ду церан бӀаьрса дӀаэца‚ шайна цо серло ма еллинехь‚ дӀабоьлху уьш цуьнца‚ шайна Ӏарж ма еллинехь‚ совцу. Далла лиънехьара‚ хазар а‚ бӀаьрса а дӀахьур дара церан: Дела массо а хӀуманна тхь ницкъ кхочуш ма ву

    2:20

Гочдар: Магомед Магомедов