Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 83 – 85

  1. وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَ بَنِي إِسْرَائِيلَ لَا تَعْبُدُونَ إِلَّا اللَّهَ وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا وَذِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَقُولُوا لِلنَّاسِ حُسْنًا وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ ثُمَّ تَوَلَّيْتُمْ إِلَّا قَلِيلًا مِنْكُمْ وَأَنْتُمْ مُعْرِضُونَ

    /Дагадаийта царна‚ хӀай Мухьаммад/ Исраилан кӀенташца чӀагӀо йира Оха: 'Далла бен Ӏибадат дийр дац аш‚ деца-ненаца а дика хир ду шу‚ гергарчаьрца а‚ боберашца а /жималлехь дай белла бисинчу/‚ мискачаьрца а /дика хир ду/‚ аьлла; аш āла нахе диканиг‚ ламаз де‚ закат ло'. ТӀаккха шу юхадевлира‚ шух цхьа кӀеззиг берш боцурш‚ шаьш дуьхьал а хуьлуш

    2:83
  2. وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَكُمْ لَا تَسْفِكُونَ دِمَاءَكُمْ وَلَا تُخْرِجُونَ أَنْفُسَكُمْ مِنْ دِيَارِكُمْ ثُمَّ أَقْرَرْتُمْ وَأَنْتُمْ تَشْهَدُونَ

    Барт бинера Оха шуьца: 'Аш вовшийн цӀий Ӏенор дац‚ шаьш вовшийн цӀеношкара ара а дохур дац'‚ – аьлла‚ тӀаккха аш чӀагӀдира /и/‚ шаьш тешаш а долуш

    2:84
  3. ثُمَّ أَنْتُمْ هَٰؤُلَاءِ تَقْتُلُونَ أَنْفُسَكُمْ وَتُخْرِجُونَ فَرِيقًا مِنْكُمْ مِنْ دِيَارِهِمْ تَظَاهَرُونَ عَلَيْهِمْ بِالْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ وَإِنْ يَأْتُوكُمْ أُسَارَىٰ تُفَادُوهُمْ وَهُوَ مُحَرَّمٌ عَلَيْكُمْ إِخْرَاجُهُمْ ۚ أَفَتُؤْمِنُونَ بِبَعْضِ الْكِتَابِ وَتَكْفُرُونَ بِبَعْضٍ ۚ فَمَا جَزَاءُ مَنْ يَفْعَلُ ذَٰلِكَ مِنْكُمْ إِلَّا خِزْيٌ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يُرَدُّونَ إِلَىٰ أَشَدِّ الْعَذَابِ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    ТӀаккха, цул тьхьа, шу ду хӀорш: шаьш шайн дойуш‚ шайх цхьаберш шайн хсамашкара арабохуш‚ къа латорца а‚ мостагӀаллица а царна (мушрикунашна) гӀо а деш. Уьш йийсарш хилча‚ мехах паргӀатбоху аш. Шуна хьарам ду уьш ( шайн жуьгтийн вежарий шайн цношкара) арабахар. Ткъа жайнан цхьадолчех шу теша‚ важа харцдо аш? Шух и лелочунна бекхам бац дуьненан дахарехь сисазалла бен‚ ткъа къематдийнахь уьш дӀаберзор ма бу уггар чӀогӀачу Ӏазапе‚ ма вац и Дела тергал ца деш аш дийриг

    2:85

Гочдар: Магомед Магомедов