Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 87 – 96
-
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَقَفَّيْنَا مِنْ بَعْدِهِ بِالرُّسُلِ ۖ وَآتَيْنَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ الْبَيِّنَاتِ وَأَيَّدْنَاهُ بِرُوحِ الْقُدُسِ ۗ أَفَكُلَّمَا جَاءَكُمْ رَسُولٌ بِمَا لَا تَهْوَىٰ أَنْفُسُكُمُ اسْتَكْبَرْتُمْ فَفَرِيقًا كَذَّبْتُمْ وَفَرِيقًا تَقْتُلُونَ
Оха деллера Мусага жайна‚ цул тӀаьхьа а бахийтира элчанаш‚ Марьяман кӀанте Ӏийсага делира кхоччуш тешаллаш (Инжил)‚ чӀагӀвира и Дезачу сица‚ ткъа мелла а шайн догӀмашна цадезарг дохьуш шуьга элча веъча‚ шу курадовлура /хй Исраилан кнтий/‚ /элчанех/ цхьаберш харцбора аш‚ цхьаберш бойура аш
2:87 -
وَقَالُوا قُلُوبُنَا غُلْفٌ ۚ بَلْ لَعَنَهُمُ اللَّهُ بِكُفْرِهِمْ فَقَلِيلًا مَا يُؤْمِنُونَ
Цара (Исраилан кӀенташа) элира: 'Тхан дегнаш мужалт ду (дӀакъевлина ду)”. ХӀаъ‚ Дала неӀалт элира царна, уьш (Делах) цатешар бахьанехь. Ма кӀеззиг ду-кх и, уьш шех тешаш берг
2:88 -
وَلَمَّا جَاءَهُمْ كِتَابٌ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ مُصَدِّقٌ لِمَا مَعَهُمْ وَكَانُوا مِنْ قَبْلُ يَسْتَفْتِحُونَ عَلَى الَّذِينَ كَفَرُوا فَلَمَّا جَاءَهُمْ مَا عَرَفُوا كَفَرُوا بِهِ ۚ فَلَعْنَةُ اللَّهِ عَلَى الْكَافِرِينَ
Цаьргахь дерг (Таврат) бакъдеш долу жайна (Къуръан) Делера шайга деъначул тӀаьхьа…– хьалха уьш ма хиллера цатешачарна тӀехь шайна гӀо а доьхуш…– шайга и шайна хууш дерг деъча (Мухьаммад пайхамар)‚ цунах ца тийшира уьш. Делан неӀалт хуьлда цатешачарна
2:89 -
بِئْسَمَا اشْتَرَوْا بِهِ أَنْفُسَهُمْ أَنْ يَكْفُرُوا بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ بَغْيًا أَنْ يُنَزِّلَ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۖ فَبَاءُوا بِغَضَبٍ عَلَىٰ غَضَبٍ ۚ وَلِلْكَافِرِينَ عَذَابٌ مُهِينٌ
Ма вон доьхки цара шайн догӀмаш Дала Шен лех Шена луучуьнга Шен къинхетамах доссийнарг хьогца харц а деш. ОьгӀазаллина тӀе а оьгӀазаллина хьакъ хилира уьш. Цатешначарна ду сийсаза долу Ӏазап
2:90 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ آمِنُوا بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ قَالُوا نُؤْمِنُ بِمَا أُنْزِلَ عَلَيْنَا وَيَكْفُرُونَ بِمَا وَرَاءَهُ وَهُوَ الْحَقُّ مُصَدِّقًا لِمَا مَعَهُمْ ۗ قُلْ فَلِمَ تَقْتُلُونَ أَنْبِيَاءَ اللَّهِ مِنْ قَبْلُ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Цаьрга аьлча: 'Теша Дала доссийначух (Къуръанах)'‚– цара олу: 'Тхо теша тхайга доссийначух'. Уьш ма тешац цул тьхьа доьссинчух. Ткъа и ма ду бакъдерг‚ цаьргахь долчуьнца нийса а догӀуш. Ахь āла /жуьгташка/: 'Ткъа хьалха Делан пайхамарш хӀунда бойура аш‚ шаьш тешаш хиллехь?'
2:91 -
وَلَقَدْ جَاءَكُمْ مُوسَىٰ بِالْبَيِّنَاتِ ثُمَّ اتَّخَذْتُمُ الْعِجْلَ مِنْ بَعْدِهِ وَأَنْتُمْ ظَالِمُونَ
Шуьга ма веънера кхоччуш тешаллашца Муса‚ тӀаккха а, цул тӀаьхьа, аш тӀелецира эса, шаьш зуламхой а хуьлуш
2:92 -
وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَكُمْ وَرَفَعْنَا فَوْقَكُمُ الطُّورَ خُذُوا مَا آتَيْنَاكُمْ بِقُوَّةٍ وَاسْمَعُوا ۖ قَالُوا سَمِعْنَا وَعَصَيْنَا وَأُشْرِبُوا فِي قُلُوبِهِمُ الْعِجْلَ بِكُفْرِهِمْ ۚ قُلْ بِئْسَمَا يَأْمُرُكُمْ بِهِ إِيمَانُكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Дагадаийта! Оха ма бира шуьца барт‚ шуна тӀехула айбира лам. 'Чг дӀаэца Оха шайна делларг‚ ла а догӀа'. Цара элира: 'ЛадоьгӀна оха‚ Ӏеса хилла тхо'. Церан дегнашкахь кхоллабелира эсе безам уьш цатешарна. Ахь āла: 'Ма вон хӀума ду-кх шун иймано шуна хьоьхуш дерг‚ шу тешаш хиллехь.'
2:93 -
قُلْ إِنْ كَانَتْ لَكُمُ الدَّارُ الْآخِرَةُ عِنْدَ اللَّهِ خَالِصَةً مِنْ دُونِ النَّاسِ فَتَمَنَّوُا الْمَوْتَ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Ахь āла: 'ТӀаьххьара хсам Далла гергахь‚ нахана а йоцуш‚ еккъа шуна хилахь‚ дала лаа‚ шаьш бакълуьйш делахь'
2:94 -
وَلَنْ يَتَمَنَّوْهُ أَبَدًا بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ
Царна цкъа а дезанне а дезар дац шайна иза шайн куьйгашца хьалхадаьккхинчуьнца. Дела ма ву бевзаш и зуламхой
2:95 -
وَلَتَجِدَنَّهُمْ أَحْرَصَ النَّاسِ عَلَىٰ حَيَاةٍ وَمِنَ الَّذِينَ أَشْرَكُوا ۚ يَوَدُّ أَحَدُهُمْ لَوْ يُعَمَّرُ أَلْفَ سَنَةٍ وَمَا هُوَ بِمُزَحْزِحِهِ مِنَ الْعَذَابِ أَنْ يُعَمَّرَ ۗ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِمَا يَعْمَلُونَ
Хьуна каранне а карор ма бу уьш (жуьгтий) массо а нахал /дуьненан/ дахарна сутара‚ Делаца накъост лаьцначарел а. Царах хӀоранна а луур дара эзар шарахь вāха. Ма вац-кха и Ӏазапах гена валалур волуш ша /мел дукха/ вāхарх. Дела гуш ма ву цара дийриг
2:96
Гочдар: Магомед Магомедов