Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 88 – 91

  1. وَقَالُوا قُلُوبُنَا غُلْفٌ ۚ بَلْ لَعَنَهُمُ اللَّهُ بِكُفْرِهِمْ فَقَلِيلًا مَا يُؤْمِنُونَ

    Цара (Исраилан кӀенташа) элира: 'Тхан дегнаш мужалт ду (дӀакъевлина ду)”. ХӀаъ‚ Дала неӀалт элира царна, уьш (Делах) цатешар бахьанехь. Ма кӀеззиг ду-кх и, уьш шех тешаш берг

    2:88
  2. وَلَمَّا جَاءَهُمْ كِتَابٌ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ مُصَدِّقٌ لِمَا مَعَهُمْ وَكَانُوا مِنْ قَبْلُ يَسْتَفْتِحُونَ عَلَى الَّذِينَ كَفَرُوا فَلَمَّا جَاءَهُمْ مَا عَرَفُوا كَفَرُوا بِهِ ۚ فَلَعْنَةُ اللَّهِ عَلَى الْكَافِرِينَ

    Цаьргахь дерг (Таврат) бакъдеш долу жайна (Къуръан) Делера шайга деъначул тӀаьхьа…– хьалха уьш ма хиллера цатешачарна тӀехь шайна гӀо а доьхуш…– шайга и шайна хууш дерг деъча (Мухьаммад пайхамар)‚ цунах ца тийшира уьш. Делан неӀалт хуьлда цатешачарна

    2:89
  3. بِئْسَمَا اشْتَرَوْا بِهِ أَنْفُسَهُمْ أَنْ يَكْفُرُوا بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ بَغْيًا أَنْ يُنَزِّلَ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۖ فَبَاءُوا بِغَضَبٍ عَلَىٰ غَضَبٍ ۚ وَلِلْكَافِرِينَ عَذَابٌ مُهِينٌ

    Ма вон доьхки цара шайн догӀмаш Дала Шен лех Шена луучуьнга Шен къинхетамах доссийнарг хьогца харц а деш. ОьгӀазаллина тӀе а оьгӀазаллина хьакъ хилира уьш. Цатешначарна ду сийсаза долу Ӏазап

    2:90
  4. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ آمِنُوا بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ قَالُوا نُؤْمِنُ بِمَا أُنْزِلَ عَلَيْنَا وَيَكْفُرُونَ بِمَا وَرَاءَهُ وَهُوَ الْحَقُّ مُصَدِّقًا لِمَا مَعَهُمْ ۗ قُلْ فَلِمَ تَقْتُلُونَ أَنْبِيَاءَ اللَّهِ مِنْ قَبْلُ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Цаьрга аьлча: 'Теша Дала доссийначух (Къуръанах)'‚– цара олу: 'Тхо теша тхайга доссийначух'. Уьш ма тешац цул тьхьа доьссинчух. Ткъа и ма ду бакъдерг‚ цаьргахь долчуьнца нийса а догӀуш. Ахь āла /жуьгташка/: 'Ткъа хьалха Делан пайхамарш хӀунда бойура аш‚ шаьш тешаш хиллехь?'

    2:91

Гочдар: Магомед Магомедов