Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 92 – 98
-
وَلَقَدْ جَاءَكُمْ مُوسَىٰ بِالْبَيِّنَاتِ ثُمَّ اتَّخَذْتُمُ الْعِجْلَ مِنْ بَعْدِهِ وَأَنْتُمْ ظَالِمُونَ
Шуьга ма веънера кхоччуш тешаллашца Муса‚ тӀаккха а, цул тӀаьхьа, аш тӀелецира эса, шаьш зуламхой а хуьлуш
2:92 -
وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَكُمْ وَرَفَعْنَا فَوْقَكُمُ الطُّورَ خُذُوا مَا آتَيْنَاكُمْ بِقُوَّةٍ وَاسْمَعُوا ۖ قَالُوا سَمِعْنَا وَعَصَيْنَا وَأُشْرِبُوا فِي قُلُوبِهِمُ الْعِجْلَ بِكُفْرِهِمْ ۚ قُلْ بِئْسَمَا يَأْمُرُكُمْ بِهِ إِيمَانُكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Дагадаийта! Оха ма бира шуьца барт‚ шуна тӀехула айбира лам. 'Чг дӀаэца Оха шайна делларг‚ ла а догӀа'. Цара элира: 'ЛадоьгӀна оха‚ Ӏеса хилла тхо'. Церан дегнашкахь кхоллабелира эсе безам уьш цатешарна. Ахь āла: 'Ма вон хӀума ду-кх шун иймано шуна хьоьхуш дерг‚ шу тешаш хиллехь.'
2:93 -
قُلْ إِنْ كَانَتْ لَكُمُ الدَّارُ الْآخِرَةُ عِنْدَ اللَّهِ خَالِصَةً مِنْ دُونِ النَّاسِ فَتَمَنَّوُا الْمَوْتَ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Ахь āла: 'ТӀаьххьара хсам Далла гергахь‚ нахана а йоцуш‚ еккъа шуна хилахь‚ дала лаа‚ шаьш бакълуьйш делахь'
2:94 -
وَلَنْ يَتَمَنَّوْهُ أَبَدًا بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ
Царна цкъа а дезанне а дезар дац шайна иза шайн куьйгашца хьалхадаьккхинчуьнца. Дела ма ву бевзаш и зуламхой
2:95 -
وَلَتَجِدَنَّهُمْ أَحْرَصَ النَّاسِ عَلَىٰ حَيَاةٍ وَمِنَ الَّذِينَ أَشْرَكُوا ۚ يَوَدُّ أَحَدُهُمْ لَوْ يُعَمَّرُ أَلْفَ سَنَةٍ وَمَا هُوَ بِمُزَحْزِحِهِ مِنَ الْعَذَابِ أَنْ يُعَمَّرَ ۗ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِمَا يَعْمَلُونَ
Хьуна каранне а карор ма бу уьш (жуьгтий) массо а нахал /дуьненан/ дахарна сутара‚ Делаца накъост лаьцначарел а. Царах хӀоранна а луур дара эзар шарахь вāха. Ма вац-кха и Ӏазапах гена валалур волуш ша /мел дукха/ вāхарх. Дела гуш ма ву цара дийриг
2:96 -
قُلْ مَنْ كَانَ عَدُوًّا لِجِبْرِيلَ فَإِنَّهُ نَزَّلَهُ عَلَىٰ قَلْبِكَ بِإِذْنِ اللَّهِ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ وَهُدًى وَبُشْرَىٰ لِلْمُؤْمِنِينَ
Ахь āла: 'Мила хилла Джибрилана мостагӀ? Цо ма доссадора и /Къуръан/ хьан даг чу Делан пурбанца‚ цул хьалха хиллачуьнца нийса а догӀуш, тешачарна ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла долу'
2:97 -
مَنْ كَانَ عَدُوًّا لِلَّهِ وَمَلَائِكَتِهِ وَرُسُلِهِ وَجِبْرِيلَ وَمِيكَالَ فَإِنَّ اللَّهَ عَدُوٌّ لِلْكَافِرِينَ
Мила хилла мостагӀ Далла а‚ Цуьнан маликашна а‚ Цуьнан элчанашна а‚ Джибрилана а‚ Мийкална а..? Ткъа Дела а ма ву мостагӀ цатешачеран
2:98
Гочдар: Магомед Магомедов