Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 97 – 103

  1. قُلْ مَنْ كَانَ عَدُوًّا لِجِبْرِيلَ فَإِنَّهُ نَزَّلَهُ عَلَىٰ قَلْبِكَ بِإِذْنِ اللَّهِ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ وَهُدًى وَبُشْرَىٰ لِلْمُؤْمِنِينَ

    Ахь āла: 'Мила хилла Джибрилана мостагӀ? Цо ма доссадора и /Къуръан/ хьан даг чу Делан пурбанца‚ цул хьалха хиллачуьнца нийса а догӀуш, тешачарна ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла долу'

    2:97
  2. مَنْ كَانَ عَدُوًّا لِلَّهِ وَمَلَائِكَتِهِ وَرُسُلِهِ وَجِبْرِيلَ وَمِيكَالَ فَإِنَّ اللَّهَ عَدُوٌّ لِلْكَافِرِينَ

    Мила хилла мостагӀ Далла а‚ Цуьнан маликашна а‚ Цуьнан элчанашна а‚ Джибрилана а‚ Мийкална а..? Ткъа Дела а ма ву мостагӀ цатешачеран

    2:98
  3. وَلَقَدْ أَنْزَلْنَا إِلَيْكَ آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ ۖ وَمَا يَكْفُرُ بِهَا إِلَّا الْفَاسِقُونَ

    Оха доссийна хьоьга билггала долу аяташ‚ уьш керстдийр ма дац песакъ наха а бен

    2:99
  4. أَوَكُلَّمَا عَاهَدُوا عَهْدًا نَبَذَهُ فَرِيقٌ مِنْهُمْ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

    Шаьш ваӀда мел йи а‚ царах (жуьгтех) цхьана тобано и йохайо‚ мелхо а царах дукхахберш тешаш ма бац /Тавратах/

    2:100
  5. وَلَمَّا جَاءَهُمْ رَسُولٌ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ مُصَدِّقٌ لِمَا مَعَهُمْ نَبَذَ فَرِيقٌ مِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ كِتَابَ اللَّهِ وَرَاءَ ظُهُورِهِمْ كَأَنَّهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Шайга Делера элча веъча‚ шайгахь дерг бакъдеш хилла волу‚ жайна деллачарех цхьана тобано дӀатесира Делан жайна шайн баккъашна тӀēхьа‚ шайна ца хууш санна

    2:101
  6. وَاتَّبَعُوا مَا تَتْلُو الشَّيَاطِينُ عَلَىٰ مُلْكِ سُلَيْمَانَ ۖ وَمَا كَفَرَ سُلَيْمَانُ وَلَٰكِنَّ الشَّيَاطِينَ كَفَرُوا يُعَلِّمُونَ النَّاسَ السِّحْرَ وَمَا أُنْزِلَ عَلَى الْمَلَكَيْنِ بِبَابِلَ هَارُوتَ وَمَارُوتَ ۚ وَمَا يُعَلِّمَانِ مِنْ أَحَدٍ حَتَّىٰ يَقُولَا إِنَّمَا نَحْنُ فِتْنَةٌ فَلَا تَكْفُرْ ۖ فَيَتَعَلَّمُونَ مِنْهُمَا مَا يُفَرِّقُونَ بِهِ بَيْنَ الْمَرْءِ وَزَوْجِهِ ۚ وَمَا هُمْ بِضَارِّينَ بِهِ مِنْ أَحَدٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَيَتَعَلَّمُونَ مَا يَضُرُّهُمْ وَلَا يَنْفَعُهُمْ ۚ وَلَقَدْ عَلِمُوا لَمَنِ اشْتَرَاهُ مَا لَهُ فِي الْآخِرَةِ مِنْ خَلَاقٍ ۚ وَلَبِئْسَ مَا شَرَوْا بِهِ أَنْفُسَهُمْ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ

    Уьш тӀаьхьа ма хӀиттира Сулейманан паччахьаллехь шайтӀанаша шайна дуьйцаш долчу бозбуунчаллина. Сулеймана керста ца дира‚ амма шайтӀанаша керстадира‚ цара нахана Ӏамадора бозбуунчалла а‚ Бабилехь шина малике ХӀаруте а‚ Маруте а доссийнарг а. Ткъа цара шиммо цхьанна а Ӏама ца дора‚ шаьш олуш бен: 'Баккъалла а, тхо цхьа питана ду – хьо ца тешаш ма хилалахь'. ТӀаккха цара цу шингара (ХӀарутера а‚ Марутера а) Ӏама ма дора мар а‚ зуда а вовшахдаккхар. Цара ма ца до цуьнца (бозбуунчаллица) зен цхьанна а‚ Делан пурбанца бен. Цара Ӏамадо царна зен ден хӀума‚ ца Ӏамадо царна пайда бен хӀума. Царна (жуьгташна) хиира и эцначарна эхартахь цхьа а дакъа цахилар. Ма вон хӀума ду-кх и, цара шайн синойх эцнарг‚ царна хууш хиллехьара

    2:102
  7. وَلَوْ أَنَّهُمْ آمَنُوا وَاتَّقَوْا لَمَثُوبَةٌ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ خَيْرٌ ۖ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ

    Уьш тешна а‚ /Делах/ кхоьруш а хиллехьара – Делера мēла тоьлуш хир бара‚ царна хууш хиллехьара

    2:103

Гочдар: Магомед Магомедов