Сурат 30 Ар-рум (Румой), аят 1 – 10

  1. الم

    Алиф-лāм-мúм

    30:1
  2. غُلِبَتِ الرُّومُ

    Эшинера румой /парисаша/,

    30:2
  3. فِي أَدْنَى الْأَرْضِ وَهُمْ مِنْ بَعْدِ غَلَبِهِمْ سَيَغْلِبُونَ

    Лаьттана (шайн махкана) мелхо а гергахь. Уьш шайн эшарал тӀаьхьа тоьлур болуш бу

    30:3
  4. فِي بِضْعِ سِنِينَ ۗ لِلَّهِ الْأَمْرُ مِنْ قَبْلُ وَمِنْ بَعْدُ ۚ وَيَوْمَئِذٍ يَفْرَحُ الْمُؤْمِنُونَ

    Цхьа масийтта шарах. Делан ду гӀуллакх хьалха а‚ тӀаьхьа а. Оцу дийнахь хазахетар ду муъманахана

    30:4
  5. بِنَصْرِ اللَّهِ ۚ يَنْصُرُ مَنْ يَشَاءُ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ

    Делан гӀоьнца. Цо гӀо до Шена луучунна. Иза веза верг а‚ къинхетаме верг а ву

    30:5
  6. وَعْدَ اللَّهِ ۖ لَا يُخْلِفُ اللَّهُ وَعْدَهُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

    Делан ваӀда ю. Дала йоха ца йо Шен ваӀда‚ делахь а, нахах дукхах- болчарна ца хаьа-кх

    30:6
  7. يَعْلَمُونَ ظَاهِرًا مِنَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَهُمْ عَنِ الْآخِرَةِ هُمْ غَافِلُونَ

    Царна хаьа дуьненан дахарах гучахь дерг‚ эхартах уьш гӀовпал бу

    30:7
  8. أَوَلَمْ يَتَفَكَّرُوا فِي أَنْفُسِهِمْ ۗ مَا خَلَقَ اللَّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا إِلَّا بِالْحَقِّ وَأَجَلٍ مُسَمًّى ۗ وَإِنَّ كَثِيرًا مِنَ النَّاسِ بِلِقَاءِ رَبِّهِمْ لَكَافِرُونَ

    Цара ойла ца йо-те шайх? Дала ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а бакъонца а‚ цхьана тоьхна ханна а бен. Баккъалла а, нахах дукхаберш шайн Кхиош-кхобучунна дуьхьалкхетар керстадеш бу-кх

    30:8
  9. أَوَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَانُوا أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةً وَأَثَارُوا الْأَرْضَ وَعَمَرُوهَا أَكْثَرَ مِمَّا عَمَرُوهَا وَجَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ ۖ فَمَا كَانَ اللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Уьш лелаш бац лаьттахула‚ ца хьоьжу-те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тӀаьхье? Уьш царал чӀогӀо ма бара ницкъаца‚ цара асар ма дитина лаьттахь‚ бāха ма баьхна цу тӀехь уьш баьхначул дукхō‚ цаьрга ма баьхкира шайн элчанаш билгалонашца. Дела вацара царна зулам деш‚ делахь а, уьш шаьш хилира /шайна/ зулам деш

    30:9
  10. ثُمَّ كَانَ عَاقِبَةَ الَّذِينَ أَسَاءُوا السُّوأَىٰ أَنْ كَذَّبُوا بِآيَاتِ اللَّهِ وَكَانُوا بِهَا يَسْتَهْزِئُونَ

    ТӀаккха вóн диначеран тӀаьхье ирчаниг хилира цара Делан аяташ харцдарна‚ уьш царах ца бēшаш хиларна

    30:10

Гочдар: Магомед Магомедов