Сурат 30 Ар-рум (Румой), аят 11 – 19
-
اللَّهُ يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Дала ддоладо кхоллар‚ тӀаккха Цо иза карладоккху‚ тӀаккха шу Цунна тӀе юхадерзор а ду
30:11 -
وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ يُبْلِسُ الْمُجْرِمُونَ
Сахьт хӀоьттинчу дийнахь совцур бу къиношдинарш догдиллина /шайна къийса хӀума доцуш/
30:12 -
وَلَمْ يَكُنْ لَهُمْ مِنْ شُرَكَائِهِمْ شُفَعَاءُ وَكَانُوا بِشُرَكَائِهِمْ كَافِرِينَ
Ца хилира царна шайн накъостех шапаӀат деш берш‚ уьш хилира шаьш /Дела а витина лийцина хилла/ накъостий хнца керстабеш
30:13 -
وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ يَوْمَئِذٍ يَتَفَرَّقُونَ
Сахьт хӀоьттинчу дийнахь оцу дийнахь уьш бекъалур бу
30:14 -
فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَهُمْ فِي رَوْضَةٍ يُحْبَرُونَ
Ийман диллинарш‚ дика Ӏамалш йинарш царна /ялсаманин/ бошмашкахь хазахоьтуьйтур ду (там бийр бу)
30:15 -
وَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَلِقَاءِ الْآخِرَةِ فَأُولَٰئِكَ فِي الْعَذَابِ مُحْضَرُونَ
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ а‚ эхартана дуьхьалкхетар а харцдинарш а уьш Ӏазапна чохь /гуттар лаьтташ/ хир бу
30:16 -
فَسُبْحَانَ اللَّهِ حِينَ تُمْسُونَ وَحِينَ تُصْبِحُونَ
Тасбахь де Далла (ламаз де Цунна) шу суьйренга девлича а‚ шу Ӏуьйранга гӀевтича а,
30:17 -
وَلَهُ الْحَمْدُ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَعَشِيًّا وَحِينَ تُظْهِرُونَ
Цунна хастам бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ малхбузехь а‚ аш делкъаюкъ хилийтинчу хенахь а /де ламазаш/
30:18 -
يُخْرِجُ الْحَيَّ مِنَ الْمَيِّتِ وَيُخْرِجُ الْمَيِّتَ مِنَ الْحَيِّ وَيُحْيِي الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ وَكَذَٰلِكَ تُخْرَجُونَ
Цо схьавоккху дийнаверг веллачух‚ велларг а схьавоккху дийначух‚ дендолуьйту латта и деллачул тӀаьхьа. Иштта шу а схьадохур ду /кешнашкара къематдийнахь/
30:19
Гочдар: Магомед Магомедов