Сурат 30 Ар-рум (Румой), аят 20 – 21
-
وَمِنْ آيَاتِهِ أَنْ خَلَقَكُمْ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ إِذَا أَنْتُمْ بَشَرٌ تَنْتَشِرُونَ
Цуьнан делилех ду Цо шу кхоллар поппарах‚ тӀаккха шу адамаш хилла даьржаш
30:20 -
وَمِنْ آيَاتِهِ أَنْ خَلَقَ لَكُمْ مِنْ أَنْفُسِكُمْ أَزْوَاجًا لِتَسْكُنُوا إِلَيْهَا وَجَعَلَ بَيْنَكُمْ مَوَدَّةً وَرَحْمَةً ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
Цуьнан делилех ду Цо шуна шух шайх зударий кхоллар шу цаьрца /паргӀат/ дāха. Цо хилийтина шуна юккъехь безам а‚ къинхетам а. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх ойлаечу нахана
30:21
Гочдар: Магомед Магомедов