Сурат 30 Ар-рум (Румой), аят 20 – 27

  1. وَمِنْ آيَاتِهِ أَنْ خَلَقَكُمْ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ إِذَا أَنْتُمْ بَشَرٌ تَنْتَشِرُونَ

    Цуьнан делилех ду Цо шу кхоллар поппарах‚ тӀаккха шу адамаш хилла даьржаш

    30:20
  2. وَمِنْ آيَاتِهِ أَنْ خَلَقَ لَكُمْ مِنْ أَنْفُسِكُمْ أَزْوَاجًا لِتَسْكُنُوا إِلَيْهَا وَجَعَلَ بَيْنَكُمْ مَوَدَّةً وَرَحْمَةً ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ

    Цуьнан делилех ду Цо шуна шух шайх зударий кхоллар шу цаьрца /паргӀат/ дāха. Цо хилийтина шуна юккъехь безам а‚ къинхетам а. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх ойлаечу нахана

    30:21
  3. وَمِنْ آيَاتِهِ خَلْقُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَاخْتِلَافُ أَلْسِنَتِكُمْ وَأَلْوَانِكُمْ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِلْعَالِمِينَ

    Цуьнан делилех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар‚ шун меттанаш а‚ беснаш а хийцадалар. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду Ӏаламашна

    30:22
  4. وَمِنْ آيَاتِهِ مَنَامُكُمْ بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَابْتِغَاؤُكُمْ مِنْ فَضْلِهِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَسْمَعُونَ

    Цуьнан делилех ю шун наб буьйсана а‚ дийнахь а‚ Цуьнан къинхетамах аш /бāхам/ лахар а. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ладугӀучу нахана

    30:23
  5. وَمِنْ آيَاتِهِ يُرِيكُمُ الْبَرْقَ خَوْفًا وَطَمَعًا وَيُنَزِّلُ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَيُحْيِي بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ

    Цуьнан делилех ду Цо шуьга тӀкъес гайтар кхерамца а‚ /догӀа даре/ догдахарца а. Цо доссадо стиглара хи‚ цуьнца дендолуьйту латта и деллачул тӀаьхьа. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду хьекъалечу нахана

    30:24
  6. وَمِنْ آيَاتِهِ أَنْ تَقُومَ السَّمَاءُ وَالْأَرْضُ بِأَمْرِهِ ۚ ثُمَّ إِذَا دَعَاكُمْ دَعْوَةً مِنَ الْأَرْضِ إِذَا أَنْتُمْ تَخْرُجُونَ

    Цуьнан делилех ду стигал а‚ латта а Цуьнан омраца хӀоьттина Ӏар. ТӀаьхьа Цо шуьга кхийкхича лаьттара схьакхайкхарца, шу /кешний чуьра/ арадовлур ду /къематдийнахь/

    30:25
  7. وَلَهُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ كُلٌّ لَهُ قَانِتُونَ

    Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Массо а Цунна муьтӀахь а бу

    30:26
  8. وَهُوَ الَّذِي يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ وَهُوَ أَهْوَنُ عَلَيْهِ ۚ وَلَهُ الْمَثَلُ الْأَعْلَىٰ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Иза ву /хӀума/ кхоллар ддолош верг тӀаккха Цо иза карладоккху. Иза Цунна аттō ду. Цуьнан вунō лекха масал ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а. Иза веза верг а‚ хьукаме верг а ву

    30:27

Гочдар: Магомед Магомедов