Сурат 30 Ар-рум (Румой), аят 28 – 40
-
ضَرَبَ لَكُمْ مَثَلًا مِنْ أَنْفُسِكُمْ ۖ هَلْ لَكُمْ مِنْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ مِنْ شُرَكَاءَ فِي مَا رَزَقْنَاكُمْ فَأَنْتُمْ فِيهِ سَوَاءٌ تَخَافُونَهُمْ كَخِيفَتِكُمْ أَنْفُسَكُمْ ۚ كَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
Цо шуна масал далийна шух шайх: шуна буй Оха шуна деллачу рицӀкъехь шун аьтту куьйгаша доладиначарах накъостий, шу цу чохь цхьанийсса а долуш‚ шу царах кхоьруш (царна вон хӀума хиларна), шайна /хиларх/ кхераре терра? Иштта къастадо Оха аяташ хьекъалечу нахана
30:28 -
بَلِ اتَّبَعَ الَّذِينَ ظَلَمُوا أَهْوَاءَهُمْ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۖ فَمَنْ يَهْدِي مَنْ أَضَلَّ اللَّهُ ۖ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ
ХӀаъ‚ зулам динарш тӀаьхьахӀиттира шайн дезаршна цхьа а Ӏилма доцуш. Хьан нисвийр ву-те Дала тилавала витийнарг? Ма вац царна цхьа а гӀоьнчех (гьнча)!
30:29 -
فَأَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ حَنِيفًا ۚ فِطْرَتَ اللَّهِ الَّتِي فَطَرَ النَّاسَ عَلَيْهَا ۚ لَا تَبْدِيلَ لِخَلْقِ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ الدِّينُ الْقَيِّمُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Ахь хӀоттае хьан юьхь /Делан/ дина тӀе, цӀена дин дерг а хилий. Делан кхоллар ду иза, Цо Шена тӀехь нах а кхоьллина долу. Хийцам бац Делан кхолларан. Иза мехала дин ду‚ делахь а, нахах дукхахболчарна ца хаьа-кх
30:30 -
مُنِيبِينَ إِلَيْهِ وَاتَّقُوهُ وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَلَا تَكُونُوا مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Цунна тӀедоьрзуш /хилалаш тōба дарца/‚ Цунах кхералаш‚ ламаз хӀоттаделаш‚ шу ма хилалаш мушрикунех
30:31 -
مِنَ الَّذِينَ فَرَّقُوا دِينَهُمْ وَكَانُوا شِيَعًا ۖ كُلُّ حِزْبٍ بِمَا لَدَيْهِمْ فَرِحُونَ
Шайн дин декъна тобанаш хиллачарах а /ма хилалаш шу/. Массо а тоба шегахь долчух яккхийедаш ю
30:32 -
وَإِذَا مَسَّ النَّاسَ ضُرٌّ دَعَوْا رَبَّهُمْ مُنِيبِينَ إِلَيْهِ ثُمَّ إِذَا أَذَاقَهُمْ مِنْهُ رَحْمَةً إِذَا فَرِيقٌ مِنْهُمْ بِرَبِّهِمْ يُشْرِكُونَ
Нах цхьана зено схьалаьцча, цара шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху‚ Цунна тӀебуьрзий‚ тӀаккха Цо цаьрга Шегара къинхетам Ӏовшийтича, царах цхьана декъо шен Кхиош-кхобучуьнца накъост лоцу
30:33 -
لِيَكْفُرُوا بِمَا آتَيْنَاهُمْ ۚ فَتَمَتَّعُوا فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
Оха шайна делларг керстадархьама. Зовкх хьега! ТӀаьхьа хуур ду шуна
30:34 -
أَمْ أَنْزَلْنَا عَلَيْهِمْ سُلْطَانًا فَهُوَ يَتَكَلَّمُ بِمَا كَانُوا بِهِ يُشْرِكُونَ
Оха цаьрга тешалла доссийна‚ цо дуьйцуш цара шех накъост лоцуш хиллачух?
30:35 -
وَإِذَا أَذَقْنَا النَّاسَ رَحْمَةً فَرِحُوا بِهَا ۖ وَإِنْ تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ إِذَا هُمْ يَقْنَطُونَ
Оха нахе къинхетам Ӏовшитича‚ уьш цунах баккхийбоь. Ткъа царах вониг кхиъча шайн куьйгаша хьалхадаьккхинчуьнца, цара дог дуьллу /Делан къинхетамах/
30:36 -
أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّ اللَّهَ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَقْدِرُ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Царна ца го-те Дала рицкъ даржадо Шена луучунна‚ барам а бо /кӀеззиг луш/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш болчу нахана
30:37 -
فَآتِ ذَا الْقُرْبَىٰ حَقَّهُ وَالْمِسْكِينَ وَابْنَ السَّبِيلِ ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌ لِلَّذِينَ يُرِيدُونَ وَجْهَ اللَّهِ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
ДӀало гергарчунна шен хьакъ‚ мискачунна а‚ новкъахь волчунна а /шен хьакъ/. Иза дика ду Делан юьхь езачарна. Уьш бу баккхийбийр берш
30:38 -
وَمَا آتَيْتُمْ مِنْ رِبًا لِيَرْبُوَ فِي أَمْوَالِ النَّاسِ فَلَا يَرْبُو عِنْدَ اللَّهِ ۖ وَمَا آتَيْتُمْ مِنْ زَكَاةٍ تُرِيدُونَ وَجْهَ اللَّهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُضْعِفُونَ
Аш делла долу риба нехан бахамехь кхиархьама ца кхиа Далла гергахь. Аш делла долу закат Делан юьхь езаш /алссам кхиа Далла гергахь/ уьш бу алссам ял хилларш
30:39 -
اللَّهُ الَّذِي خَلَقَكُمْ ثُمَّ رَزَقَكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ ۖ هَلْ مِنْ شُرَكَائِكُمْ مَنْ يَفْعَلُ مِنْ ذَٰلِكُمْ مِنْ شَيْءٍ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Дела ву шу кхоьллинарг‚ тӀаккха шуна рицкъ делларг тӀаккха шу долуьйтуш верг‚ тӀаккха шу дендеш верг. Шун накъостех вуй ша цунах хӀума (и саннарг) деш верг? Цнвели Иза /массо а кхачамбацарех/, лакхавели цара накъост лацарх
30:40
Гочдар: Магомед Магомедов