Сурат 30 Ар-рум (Румой), аят 41 – 53
-
ظَهَرَ الْفَسَادُ فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ بِمَا كَسَبَتْ أَيْدِي النَّاسِ لِيُذِيقَهُمْ بَعْضَ الَّذِي عَمِلُوا لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
Боьханиг гучудели аренгахь а‚ хӀорда чохь а нехан куьйгаша гулдинчуьнца‚ /Дала/ шаьш динчух цхьадерш Ӏовшийта мега /цаьрга/. Уьш юхабоьрзур бац-те /вониг дечух Далла тӀе/?
30:41 -
قُلْ سِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلُ ۚ كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُشْرِكِينَ
Ахь āла: 'Шу лела лаьттахула‚ хьовсал‚ муха хилла шул хьалха хиллачеран тӀаьхье. Царах дукхах- берш /Делаца/ накъост лоцурш ма хилла
30:42 -
فَأَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ الْقَيِّمِ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَ يَوْمٌ لَا مَرَدَّ لَهُ مِنَ اللَّهِ ۖ يَوْمَئِذٍ يَصَّدَّعُونَ
Ахь хӀоттае хьан юьхь мехалчу дин т шена Делера духатохар доцу /къемат/де дале хьалха. Оцу дийнахь уьш бекъалур бу
30:43 -
مَنْ كَفَرَ فَعَلَيْهِ كُفْرُهُ ۖ وَمَنْ عَمِلَ صَالِحًا فَلِأَنْفُسِهِمْ يَمْهَدُونَ
/Делан дин/ керстадинарг цунна шена ду шен керстаналла. Дика Ӏамал йинарг цара шаьш шайна /ялсаманехь хӀусамаш/ кечйо‚
30:44 -
لِيَجْزِيَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ مِنْ فَضْلِهِ ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْكَافِرِينَ
Ийман диллинчара а‚ дика Ӏамалш йиначара а Цуьнан къинхетамах ял эцархьама. Баккъалла а, Цунна ца беза /Делах/ цатешарш
30:45 -
وَمِنْ آيَاتِهِ أَنْ يُرْسِلَ الرِّيَاحَ مُبَشِّرَاتٍ وَلِيُذِيقَكُمْ مِنْ رَحْمَتِهِ وَلِتَجْرِيَ الْفُلْكُ بِأَمْرِهِ وَلِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
Цуьнан аятех ду Цо мехаш даийтар кхаьънаш хилла шуьга Ӏовшийтархьама Шен къинхетамах‚ кема лелийтархьама Шен омраца‚ шуьга лахийтархьама Цуьнан комаьршаллах‚ шуьга /Цунна/ баркалла алийта а
30:46 -
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ رُسُلًا إِلَىٰ قَوْمِهِمْ فَجَاءُوهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَانْتَقَمْنَا مِنَ الَّذِينَ أَجْرَمُوا ۖ وَكَانَ حَقًّا عَلَيْنَا نَصْرُ الْمُؤْمِنِينَ
Оха бахийтира хьол хьалха а элчанаш шайн къомана тӀе‚ уьш беара цаьрга билгалонашца‚ Оха чӀир ийцира къинош диначаьргара. Тхуна тӀехь хьакъ хилла муъмин нахана гӀо дар
30:47 -
اللَّهُ الَّذِي يُرْسِلُ الرِّيَاحَ فَتُثِيرُ سَحَابًا فَيَبْسُطُهُ فِي السَّمَاءِ كَيْفَ يَشَاءُ وَيَجْعَلُهُ كِسَفًا فَتَرَى الْوَدْقَ يَخْرُجُ مِنْ خِلَالِهِ ۖ فَإِذَا أَصَابَ بِهِ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ إِذَا هُمْ يَسْتَبْشِرُونَ
Дела ву Ша мехаш доуьйтург‚ цо хьейо марха‚ Цо иза яржайо стиглахь Шена ма луу‚ Цо цунах кийсакаш хуьлуьйту. Хьуна го догӀа схьадолуш цунна юккъехула. Цо иза кхиича Шен лех Шена луучарна царна хазахета /догӀа деъча/
30:48 -
وَإِنْ كَانُوا مِنْ قَبْلِ أَنْ يُنَزَّلَ عَلَيْهِمْ مِنْ قَبْلِهِ لَمُبْلِسِينَ
Цул хьалха иза шайна тӀе доссале уьш хиллехь а дог диллина
30:49 -
فَانْظُرْ إِلَىٰ آثَارِ رَحْمَتِ اللَّهِ كَيْفَ يُحْيِي الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ لَمُحْيِي الْمَوْتَىٰ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Хьажал Делан къинхетаман тӀаьхьенашка: муха дендо Цо латта и деллачул тӀаьхьа. Баккъалла а, Иза белларш денбийриг ву. Иза массо а хӀумана тӀехь ницкъ кхочуш берг ву
30:50 -
وَلَئِنْ أَرْسَلْنَا رِيحًا فَرَأَوْهُ مُصْفَرًّا لَظَلُّوا مِنْ بَعْدِهِ يَكْفُرُونَ
Оха баийтинехьара мох‚ тӀаккха царна иза (лаьттахь схьадолуш дерг) мажделла гича‚ цул тӀаьхьа а уьш лаьттара ма бара ца тешаш
30:51 -
فَإِنَّكَ لَا تُسْمِعُ الْمَوْتَىٰ وَلَا تُسْمِعُ الصُّمَّ الدُّعَاءَ إِذَا وَلَّوْا مُدْبِرِينَ
Баккъалла а, ахь хозуьйтур дац беллачаьрга‚ ахь хозуьйтур дац къорачаьрга кхайкхар, уьш юхарбевлича
30:52 -
وَمَا أَنْتَ بِهَادِ الْعُمْيِ عَنْ ضَلَالَتِهِمْ ۖ إِنْ تُسْمِعُ إِلَّا مَنْ يُؤْمِنُ بِآيَاتِنَا فَهُمْ مُسْلِمُونَ
Хьо ма вац нисбийр болуш бӀаьрсадоцурш шайн тиларах. Ахь хозуьйтур ду деккъа Тхан аятех тешачаьрга, шаьш /Далла/ муьтхь а болуш
30:53
Гочдар: Магомед Магомедов