Сурат 30 Ар-рум (Румой), аят 54 – 60
-
اللَّهُ الَّذِي خَلَقَكُمْ مِنْ ضَعْفٍ ثُمَّ جَعَلَ مِنْ بَعْدِ ضَعْفٍ قُوَّةً ثُمَّ جَعَلَ مِنْ بَعْدِ قُوَّةٍ ضَعْفًا وَشَيْبَةً ۚ يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ ۖ وَهُوَ الْعَلِيمُ الْقَدِيرُ
Дела ву шу кхоьллинарг ледараллах (тӀадамах)‚ тӀаккха Цо хилийтина ледараллал тӀаьхьа ницкъ (къоналла)‚ тӀаккха хилийтина ницкъал тӀаьхьа ледаралла (къаналла)‚ къоьжа чоьш а. Цо кхуллу Шена луург. Иза хууш верг а ву‚ ницкъ кхочург а ву
30:54 -
وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ يُقْسِمُ الْمُجْرِمُونَ مَا لَبِثُوا غَيْرَ سَاعَةٍ ۚ كَذَٰلِكَ كَانُوا يُؤْفَكُونَ
Сахьт хӀоьттиначу дийнахь дуйнаш буур бу къинош диначара шаьш сахьтехь а ца лаьттина бохуш /дуьненахь къинош деш/. Иштта Ӏехийна хилла-кх уьш!
30:55 -
وَقَالَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ وَالْإِيمَانَ لَقَدْ لَبِثْتُمْ فِي كِتَابِ اللَّهِ إِلَىٰ يَوْمِ الْبَعْثِ ۖ فَهَٰذَا يَوْمُ الْبَعْثِ وَلَٰكِنَّكُمْ كُنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
Ӏилма а‚ ийман а шайна деллачара элира: 'Шу лаьттира Делан жайна чохь дендаларан де далц. ХӀара ду дендаларан де‚ делахь а, шу ца хууш хили-кх'
30:56 -
فَيَوْمَئِذٍ لَا يَنْفَعُ الَّذِينَ ظَلَمُوا مَعْذِرَتُهُمْ وَلَا هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ
Оцу дийнахь пайда бийр бац зулам диначарна шайн Ӏуьзарша‚ бехказадовлар а доьхур дац цаьрга
30:57 -
وَلَقَدْ ضَرَبْنَا لِلنَّاسِ فِي هَٰذَا الْقُرْآنِ مِنْ كُلِّ مَثَلٍ ۚ وَلَئِنْ جِئْتَهُمْ بِآيَةٍ لَيَقُولَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا مُبْطِلُونَ
Оха далийна нахана хӀокху Къуръан чохь массо а масал. Хьо цаьрга веъча цхьана аятаца‚ эр ма ду цатешачара: 'Шу ма дац /бакъдерг/ дохийнарш а бен'
30:58 -
كَذَٰلِكَ يَطْبَعُ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِ الَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ
Иштта мухӀар туху Дала цахуучеран дегнашка
30:59 -
فَاصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ ۖ وَلَا يَسْتَخِفَّنَّكَ الَّذِينَ لَا يُوقِنُونَ
Ахь собар де! Баккъалла а, Делан ваӀда бакъ ю хьуна. Хьо атта ма хетийла цатешначарна /собарах ма валалахь/
30:60
Гочдар: Магомед Магомедов