Сурат 31 Лукъман, аят 1 – 11
-
الم
Алиф-лāм-мūм
31:1 -
تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْحَكِيمِ
ХӀорш хьукаме долчу жайнан аяташ ду
31:2 -
هُدًى وَرَحْمَةً لِلْمُحْسِنِينَ
Шаьш нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долу диканиг дечарна
31:3 -
الَّذِينَ يُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَهُمْ بِالْآخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ
Уьш бу шаьш ламаз хӀоттош‚ закат луш‚ эхартах уьш /шеко йоццуш/ тешаш бу
31:4 -
أُولَٰئِكَ عَلَىٰ هُدًى مِنْ رَبِّهِمْ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
Уьш шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийсачу новкъахь бу. Уьш бу баккхийбийраш
31:5 -
وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَشْتَرِي لَهْوَ الْحَدِيثِ لِيُضِلَّ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍ وَيَتَّخِذَهَا هُزُوًا ۚ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ مُهِينٌ
Нахах ву шегахь Ӏилма доцуш даьсса (пайда боцу) хабар оьцуш (дуьйцуш) верг Делан некъах /нах/ тилорхьама‚ сийсазбой схьалоцу цо иза /Делан некъ/. Уьш (и саннарш) царна сийсаза долу Ӏазап ду
31:6 -
وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِ آيَاتُنَا وَلَّىٰ مُسْتَكْبِرًا كَأَنْ لَمْ يَسْمَعْهَا كَأَنَّ فِي أُذُنَيْهِ وَقْرًا ۖ فَبَشِّرْهُ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
Шена Тхан аяташ доьшуш, кураваьлла дӀавирзи иза‚ шена уьш ца хезча санна‚ шен лергашкахь къоралла ерг санна. Ахь цунна кхаъ баккха лазош долчу Ӏазапца
31:7 -
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ جَنَّاتُ النَّعِيمِ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а царна ниатийн /ялсаманин/ бошмаш ю
31:8 -
خَالِدِينَ فِيهَا ۖ وَعْدَ اللَّهِ حَقًّا ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Делан бакъ хилла йолу ваӀда ю иза. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса деш/ верг а ву
31:9 -
خَلَقَ السَّمَاوَاتِ بِغَيْرِ عَمَدٍ تَرَوْنَهَا ۖ وَأَلْقَىٰ فِي الْأَرْضِ رَوَاسِيَ أَنْ تَمِيدَ بِكُمْ وَبَثَّ فِيهَا مِنْ كُلِّ دَابَّةٍ ۚ وَأَنْزَلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَنْبَتْنَا فِيهَا مِنْ كُلِّ زَوْجٍ كَرِيمٍ
Цо кхоьллира стигланаш шуна ша гуш цхьа а бӀогӀам боцуш. Лаьттахула лаьмнаш кхиссира Цо и шуьца ца лестийтархьама‚ даржийна Цо цигахь массо а дийнат (са долу хӀума). Оха доссийра стиглара хи‚ Оха кхиийра цу чохь (лаьттахь) хӀор беркате шишша /орамат/
31:10 -
هَٰذَا خَلْقُ اللَّهِ فَأَرُونِي مَاذَا خَلَقَ الَّذِينَ مِنْ دُونِهِ ۚ بَلِ الظَّالِمُونَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Иза Делан кхоллар ду. ХӀинца аш Соьга гайтал‚ хӀун кхоьллина Иза воцчо. ХӀаъ‚ зуламхой билгалчу тилар чохь бу-кх!
31:11
Гочдар: Магомед Магомедов