Сурат 31 Лукъман, аят 16 – 19
-
يَا بُنَيَّ إِنَّهَا إِنْ تَكُ مِثْقَالَ حَبَّةٍ مِنْ خَرْدَلٍ فَتَكُنْ فِي صَخْرَةٍ أَوْ فِي السَّمَاوَاتِ أَوْ فِي الْأَرْضِ يَأْتِ بِهَا اللَّهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَطِيفٌ خَبِيرٌ
'ХӀай сан кӀаьтиг‚ и (вониг) хилахь а цхьа жимма кӀоллан буьртигал я тархахь (чарчохь)‚ я стигланашкахь‚ я лаьттахь а иза а схьадоккху Дала. Баккъалла а, Дела тӀех кхетаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву
31:16 -
يَا بُنَيَّ أَقِمِ الصَّلَاةَ وَأْمُرْ بِالْمَعْرُوفِ وَانْهَ عَنِ الْمُنْكَرِ وَاصْبِرْ عَلَىٰ مَا أَصَابَكَ ۖ إِنَّ ذَٰلِكَ مِنْ عَزْمِ الْأُمُورِ
ХӀай сан кӀаьтиг‚ хӀоттаде ламаз‚ диканиг /нахана/ омра де‚ вочух /нах/ духатоха‚ собар де хьайх хьакхаделлачунна тӀехь. Иза гӀуллакхийн чӀогӀаллах ду
31:17 -
وَلَا تُصَعِّرْ خَدَّكَ لِلنَّاسِ وَلَا تَمْشِ فِي الْأَرْضِ مَرَحًا ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ كُلَّ مُخْتَالٍ فَخُورٍ
/Куралла еш, ца вешаш/ хьан юьхь ма сеттае нахана‚ ма лела лаьттахула кура. Баккъалла а, Далла ца веза массо а кура верг а‚ везаведарг а
31:18 -
وَاقْصِدْ فِي مَشْيِكَ وَاغْضُضْ مِنْ صَوْتِكَ ۚ إِنَّ أَنْكَرَ الْأَصْوَاتِ لَصَوْتُ الْحَمِيرِ
Юкъанаккъара де хьан болар‚ аз а лагӀде хьан. Аьзнех уггар ирчаниг виран аз ду'
31:19
Гочдар: Магомед Магомедов