Сурат 31 Лукъман, аят 20 – 30

  1. أَلَمْ تَرَوْا أَنَّ اللَّهَ سَخَّرَ لَكُمْ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَأَسْبَغَ عَلَيْكُمْ نِعَمَهُ ظَاهِرَةً وَبَاطِنَةً ۗ وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يُجَادِلُ فِي اللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍ وَلَا هُدًى وَلَا كِتَابٍ مُنِيرٍ

    Шуна ца хиъна-те‚ Дала шуна болх бойтуш хилар стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел долчуьнга‚ Цо шуна шортта делла Шен ниӀматаш‚ гуш дерш а‚ хьуламехь дерш а? Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг цхьа а Ӏилма доцуш‚ нийса некъ боцуш‚ нуре жайна доцуш

    31:20
  2. وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اتَّبِعُوا مَا أَنْزَلَ اللَّهُ قَالُوا بَلْ نَتَّبِعُ مَا وَجَدْنَا عَلَيْهِ آبَاءَنَا ۚ أَوَلَوْ كَانَ الشَّيْطَانُ يَدْعُوهُمْ إِلَىٰ عَذَابِ السَّعِيرِ

    Шайга аьлча: 'ТӀаьхьахӀитта Дала доссийначунна'‚ цара эли: 'ХӀан-хӀа‚ тхо тӀаьхьахӀуьтту тхуна шена тӀехь тхан дай карийначунна'. Я шайтӀа хилчи а цаьрга кхойкхуш жоьжахатин Ӏазапе?

    31:21
  3. وَمَنْ يُسْلِمْ وَجْهَهُ إِلَى اللَّهِ وَهُوَ مُحْسِنٌ فَقَدِ اسْتَمْسَكَ بِالْعُرْوَةِ الْوُثْقَىٰ ۗ وَإِلَى اللَّهِ عَاقِبَةُ الْأُمُورِ

    Шен юьхь Далла муьтӀахь еш верг, дика а хилла цо схьалецна чӀогӀа уьйр‚ Деле ю гӀуллакхийн чакхе

    31:22
  4. وَمَنْ كَفَرَ فَلَا يَحْزُنْكَ كُفْرُهُ ۚ إِلَيْنَا مَرْجِعُهُمْ فَنُنَبِّئُهُمْ بِمَا عَمِلُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    Керстаналла динарг хьо сингаттаме ма войла цуьнан керстаналло. Тхоьга ду церан ддерзар‚ Оха дуьйцур ду цаьрга цара динарг. Баккъалла а, Дела хууш ву дегнашкахь дерг

    31:23
  5. نُمَتِّعُهُمْ قَلِيلًا ثُمَّ نَضْطَرُّهُمْ إِلَىٰ عَذَابٍ غَلِيظٍ

    Оха пайда оьцуьйтур бу цаьрга цхьа кӀеззиг, тӀаккха Оха дийр ду царна ирча Ӏазап

    31:24
  6. وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۚ قُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ аьлла‚ цара эр ма ду: 'Дала'. Ахь āла: 'Хастам бу Далла'. ХӀаъ‚ царах дукхахберш хууш бац

    31:25
  7. لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ إِنَّ اللَّهَ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ

    Делан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Баккъалла а, Дела Иза ву хьал долуш верг а‚ хастаме верг а

    31:26
  8. وَلَوْ أَنَّمَا فِي الْأَرْضِ مِنْ شَجَرَةٍ أَقْلَامٌ وَالْبَحْرُ يَمُدُّهُ مِنْ بَعْدِهِ سَبْعَةُ أَبْحُرٍ مَا نَفِدَتْ كَلِمَاتُ اللَّهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Лаьттахь мел долчу диттах къоламаш хилча‚ ткъа хӀордана шел тӀаьхьа ворхӀ хӀордо гӀо а дича /шекъа а хилла/ кхачалур ма дацара Делан дешнаш. Баккъалла а, Дела веза верг а‚ хьукам /нийса деш/ верг а ву

    31:27
  9. مَا خَلْقُكُمْ وَلَا بَعْثُكُمْ إِلَّا كَنَفْسٍ وَاحِدَةٍ ۗ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ بَصِيرٌ

    Шу кхоллар а‚ шу юхадендар а цхьа садаӀар санна а бен дац /Далла/. Баккъалла а, Дела хозуш верг а ву‚ гуш верг а ву

    31:28
  10. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ يُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَيُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ كُلٌّ يَجْرِي إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى وَأَنَّ اللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ

    Хьуна ца хаьа‚ Дала буьйса денна чу яло‚ де буьйсанна чу дало‚ болх бойтуш бу малхе а‚ батте а‚ массо а дӀасалелаш ю шен тоьхна хан тӀекхаччалц‚ и Дела аш дийриг дика хууш хилар а /ца хаьа шуна/?

    31:29
  11. ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ وَأَنَّ مَا يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ الْبَاطِلُ وَأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْعَلِيُّ الْكَبِيرُ

    Иза ду И Дела Ша бакъдерг хилар‚ ткъа цара, Иза а витина, шега кхойкхург харцдерг хилар‚ Дела Иза лекха верг а‚ воккха верг а хилар а /ду иза/

    31:30

Гочдар: Магомед Магомедов