Сурат 31 Лукъман, аят 31 – 34

  1. أَلَمْ تَرَ أَنَّ الْفُلْكَ تَجْرِي فِي الْبَحْرِ بِنِعْمَتِ اللَّهِ لِيُرِيَكُمْ مِنْ آيَاتِهِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِكُلِّ صَبَّارٍ شَكُورٍ

    Хьуна ца го кема, дӀасалелаш хӀорда чохь Делан ниӀматаца Цо шуьга гайтархьама Шен аятех /аяташ/. Баккъалла а, цу чохь аяташ ду массо а собаре волчунна а‚ шукур деш волчунна а

    31:31
  2. وَإِذَا غَشِيَهُمْ مَوْجٌ كَالظُّلَلِ دَعَوُا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ فَلَمَّا نَجَّاهُمْ إِلَى الْبَرِّ فَمِنْهُمْ مُقْتَصِدٌ ۚ وَمَا يَجْحَدُ بِآيَاتِنَا إِلَّا كُلُّ خَتَّارٍ كَفُورٍ

    Шаьш толгӀано хьулбича‚ рагӀус санна‚ цара Деле кхойкху, Цунна дин а цӀандеш. Цо уьш аренга кӀелхьарбаьхча, царах юкъанаккъара верг а ву (керстаналлина а‚ ийманна а юккъехь)‚ /керстаналлина тӀехь сеццарг а ву/. Тхан аяташ керстадийр ма дац массо а тешнабехк бечо а‚ /Делан ниӀматашна/ инкарло ечо а бен

    31:32
  3. يَا أَيُّهَا النَّاسُ اتَّقُوا رَبَّكُمْ وَاخْشَوْا يَوْمًا لَا يَجْزِي وَالِدٌ عَنْ وَلَدِهِ وَلَا مَوْلُودٌ هُوَ جَازٍ عَنْ وَالِدِهِ شَيْئًا ۚ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ ۖ فَلَا تَغُرَّنَّكُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا وَلَا يَغُرَّنَّكُمْ بِاللَّهِ الْغَرُورُ

    ХӀай нах! Шу кхералаш шайн Делах‚ шу кхералаш дийнах‚ да шен доьзалхочунна пайдане хир воцчу, доьзалхо а шен дена цхьанна хӀуманца пайдабийриг хир воцчу. Баккъалла а, Делан ваӀда хьакъ-бакъ ю. Шу Ӏеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу Ӏеха ма дойла Делаца Ӏехадаларо

    31:33
  4. إِنَّ اللَّهَ عِنْدَهُ عِلْمُ السَّاعَةِ وَيُنَزِّلُ الْغَيْثَ وَيَعْلَمُ مَا فِي الْأَرْحَامِ ۖ وَمَا تَدْرِي نَفْسٌ مَاذَا تَكْسِبُ غَدًا ۖ وَمَا تَدْرِي نَفْسٌ بِأَيِّ أَرْضٍ تَمُوتُ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ خَبِيرٌ

    Баккъалла а, Далла гергахь ду сахьтан Ӏилма (къематде хттар хаар)‚ Цо доссадо догӀа‚ Цунна хаьа беран цӀа чохь дерг а. Синна ца хаьа‚ хӀун карадийр ду ша кхана‚ синна ца хаьа‚ муьлхачу лаьттахь ша лийр ду. Баккъалла а, Дела хууш верг а ву /къайлаха дерг‚ гучахь дерг санна/, девзаш верг а ву

    31:34

Гочдар: Магомед Магомедов