Сурат 32 Ас-саджда (Сужд дар), аят 1 – 11
-
الم
Алиф-лāм-мūм
32:1 -
تَنْزِيلُ الْكِتَابِ لَا رَيْبَ فِيهِ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Жайна охьадоссор /ду хӀара/‚ шена чохь шеко йоцуш‚ Ӏаламийн Дегара
32:2 -
أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ ۚ بَلْ هُوَ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ لِتُنْذِرَ قَوْمًا مَا أَتَاهُمْ مِنْ نَذِيرٍ مِنْ قَبْلِكَ لَعَلَّهُمْ يَهْتَدُونَ
Я цара олу: 'Цо (Мухьаммада) кхоьллина /харцдерг/ ду иза'? ХӀаъ‚ иза бакъдерг ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара ахь къомана кхерам тасархьама‚ хьол хьалха шайга цхьа а кхерамча веана воцчу‚ уьш нийсачу новкъа хӀуттур бацара-те?
32:3 -
اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ ۖ مَا لَكُمْ مِنْ دُونِهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا شَفِيعٍ ۚ أَفَلَا تَتَذَكَّرُونَ
Дела ву Ша стигланаш а‚ латта а, цу шинна юккъехь мел дерг а кхоьллинарг ялх дийнахь‚ тӀаккха дӀанисвелира Иза Ӏарша тӀехь. Ма вац шуна Иза воцург цхьа а вали а (доттагӀ)‚ цхьа а гӀодаккхархо а‚ аш ойла ца йо-те?
32:4 -
يُدَبِّرُ الْأَمْرَ مِنَ السَّمَاءِ إِلَى الْأَرْضِ ثُمَّ يَعْرُجُ إِلَيْهِ فِي يَوْمٍ كَانَ مِقْدَارُهُ أَلْفَ سَنَةٍ مِمَّا تَعُدُّونَ
Омра дӀасадоькъу Цо стиглара лаьтта тӀе‚ тӀаккха иза (омра) Цунна тӀе айло дийнахь‚ шен барам эзар шо долуш аш дагардечу кепара
32:5 -
ذَٰلِكَ عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ
Иза ву хьуламехьдерг а, гучахьдерг а хууш верг а. Веза верг а‚ къинхетаме верг а /ву Иза/
32:6 -
الَّذِي أَحْسَنَ كُلَّ شَيْءٍ خَلَقَهُ ۖ وَبَدَأَ خَلْقَ الْإِنْسَانِ مِنْ طِينٍ
Иза ву Ша мел кхоьллинарг хазчу куьцара дина. Адам кхолла волавелла Иза поппарах
32:7 -
ثُمَّ جَعَلَ نَسْلَهُ مِنْ سُلَالَةٍ مِنْ مَاءٍ مَهِينٍ
ТӀаккха цуьнан тьхье хилийтира Цо ладамбоцчу хинан тӀадамах
32:8 -
ثُمَّ سَوَّاهُ وَنَفَخَ فِيهِ مِنْ رُوحِهِ ۖ وَجَعَلَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ ۚ قَلِيلًا مَا تَشْكُرُونَ
ТӀаккха Цо иза нисвира‚ Цо диллира цу чу Шен сих /са/‚ Цо хилийтира шуна хазар а‚ бӀаьрса а‚ дегнаш а. Ма кӀеззиг ду-кх аш шукур дийриг
32:9 -
وَقَالُوا أَإِذَا ضَلَلْنَا فِي الْأَرْضِ أَإِنَّا لَفِي خَلْقٍ جَدِيدٍ ۚ بَلْ هُمْ بِلِقَاءِ رَبِّهِمْ كَافِرُونَ
Цара элира: 'Тхо дайча лаьттахь‚ тхо керлачу кхолларехь хир дуй (юхадендийр дуй)?' ХӀаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобучунна дуьхьалкхетарна керстахили
32:10 -
قُلْ يَتَوَفَّاكُمْ مَلَكُ الْمَوْتِ الَّذِي وُكِّلَ بِكُمْ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُمْ تُرْجَعُونَ
Ахь āла: 'Долуьйтур ду шу даларан малико‚ ша шуна тӀе хӀоттина долчу‚ тӀаккха шайн Кхиош-кхобучунна тӀе шу дӀадерзор ду
32:11
Гочдар: Магомед Магомедов